ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кофе "американо" яц, "русиано" ю


Дагестанерчу кофе молучу Donuts Day-но «американо» кофен цIе «русиано» аьлла хийцина. Кофейнан директоро «Кавказ.Реалиига» дийцарехь, Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс «американо» кофен цIе хийца еза аьллачул тIаьхьа, Интернетехь гIовгIа эккхийтаро дагатесира цунна «русиано» цIе тилла.

«Маркетинган лелар ду и. Оха цIе хийцинчул тIаьхьа, кофе мала оьхучара, буьйлуш, масанхьа а дуьйцу. Оха видео а яьккхина, Инстаграмехь пенах оьллина. Юкъараллаин тидам тхайна тIеоьзна оха оцу гIулчаца».

Белорусехь дахначу кIиранах дIаяьхьначу Евразерчу пачхьалкхийн юкъара кхеташонехь Оьсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс «Американо» бахар политкаца галмарзахдолу» аьлла.

XS
SM
MD
LG