ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Меркелна канцлеран даржехь йиса лаьа кхидIа а


Немцойн канцлер Меркел Ангелан белхан хан тIедогIучу шарахь чекхйолуш ю. ХIинцалца схьа къайле яра, цо и хан чекхйаьлча шегара дарж охьадуьллурий-те бохург. Амма кIирандийнахь Меркела хаийтина, ша еалгIачу ханна а кацлер хила гIуртур юйла.

Меркел Ангела, хетарехь, дуьненчохь уггаре а нехан шега чолхе хьежамаш болу политик а, пачхьалкхан куьйгалхо а хила мега.

Цхьаболчара иза Тэтчер Маргаретца юсту, Эчиган Леди аьлла шена наха цIе тиллина хила йолчу.

Вукхара кхин бIостанехьа хила йиш йоцучу Нана Терезица.

Цхьаболчарна иза таронечу нехан а, экономикан дайн интересаш ларйеш йолу, эмоцеш хIун ю ца хууш, Германина а, шена белшашгIорточу классан а оьшург лардеш йолу политикера менеджер хета.

Вукхарна мискачийн, гIийлачийн агIо ларбеш, дуьненчохь массарна а совбевлла болчу, цхьанна а тIеэца ца луучу мухIажаршна шен махкахь тховкIело елла йолу догдика зуда хета.

Амма бакъдерг, даима а хуьлуш ма-хиллара, цхьанхьа юккъехь долчух тера ду, я Меркел емалйархошца а, я Меркелан тIараш детташ болчаьрца а доцуш.

Иза дуьненчохь а, Германехь а хIоттаделлачу чолхечу хьолехь цхьана агIор адамалле юхь-сибатах а ца юхуш, вукху агIор амма ша немцойн канцлер, шен къомана а, пачхьалкхана а гIолехь дерг кхион а, лардан а дезаш йолу, юйла а кхеташ, шен болх, шена нийса а, нийсоне а хетачу агIор бан гIерташ йолу политикийн могIарех ю.

44 шо бен доцучу хенахь и Малхбалерчу Германехь цхьана килсан мазлагIан доьзалехь йина а, физика Iилман Iамийна а хилла йолу къона шен Кериста-демократийн партин инарла секретар хаьржира. Германин политикан системехь и бохург дара, цунна мехкан куьйгалхо, канцлер хила гIорта некъ цу дийнахь схьабеллалуш бу бохург.

Нагахь санна цуьнга и некъ нийса лаца а лахь, цу некъахула иза дIа я яхалахь. Меркел яхаелира. 2005-чу шарахь дуьххьара канцлер хаьржина йолу Меркел еккъа дIа шен карьерехь дуьхьара цу дарже харжарца гIарйаьлла ца Iийра.

Иза кхин а массийта хIуманна тIехь дуьххьара яра – Малхбалера Германера политик Бундесреспубликин канцлер харжарна тIехь а, зуда дуьххьара цу дарже харжарна тIехь а, оццул къоначу хенахь канцлер хиларна тIехь а.

Цуьнан политикехь иштта сиха лакхаялар хIора а стеган а, хIора а зудчуьн а йоцачу хенахь вуно чехка а, вуно лакхара а карьера ян йиш хиларан масала а хилла дIахIоьттира.

И тамашийна зуда, иза уллора гинчарна массарна а иза мелла а нахана хьалха эхь хеташ хилар гуш йолу, цкъа юхьанца хеталора, гIеххьачул лела ца хууш, ийзалуш а, мелла а ког а, мотт а тийсалуш а.

Къамел дечу хенахь цо эмоцеш а кIеззиг гойтура, кеч а иза ша-башха лора, цхьаццаболчара ма-аллара, юьртарчу ишколехь хьалхарчу классийн хьехархо санна.

Ткъа цуьнан месаш ларгаран кеп а, цо мича хьур ду ца хууш санна ромбан кепехь хьалха вовшашна тIетта хIоттош долу ши куьг а дагардина ца валлалчу анекдотийн а, сатирикийн кхардамийн а бахьана хилира.

Амма сатирикаш хIуъу дийцахь а, Меркел немцойн къомалахь вуно дукха езаш тIеоьцуш яра. Эрна олуш ма дац цунах немцоша эсала Мутти, нохчийн матте даьккхина Нана хилла ца Iаш, наналг санна дека там болу и дош.

Хетарехь, цу дукхаезаран орамаш а, бахьана а немцой шанй канцлер еккъа цхьа шен белхан декхаршца, шен къомана яцарца ехаш юйла, кхин цул совнаха шен долара интересаш а ца кхобуш, кхетарехь ду.

ХIунда аьлча, нагахь санна луларчу Европерчу я генарчу муьлхачу а пачхьалкхийн куьйгалхойн коррупцийн скандалашца я евхьазчу безамийн IалагIожашца гIарбуьйлуш, сийдочу буьйлуш белахь, ша даржехь йолчу 12 шарчохь цкъа а цхьанна а гIовгIанан декъа ца хилла я Меркел а, я цуьнан хIусамда Зауер Йоахим а, ала дашна, иштта физикан Iилманча а, профессор а волу.

Ала мегар ду Меркелан, цуьнца немцойн болчу лараман я кхин а ма-дарра аьлча, безаман юкъаметтигех ши шо хьалха Германе бIеннаш эзаршкахь Шемара а, ОвхIанера а, Африкера а мухIажарш схьаэха буьйлабелча, ткъа Меркелс уьш тIеэца сацам бича сир дала доладелира. Немцойн цхьа дакъа кхоьрура, цу мухIажарша Германин юхь-сибат хийцарна а, цара махкахь къепе йохорна а.

Цу муьрехь дуьххьара социологин хеттамашкахь Меркеле йолу марзо лахлуш хилар гучуделира цуьнан харжамхойн.

Амма, хетарехь, цу киртигах а чекхйаьлла немцойн канцлер, хIунда аьлча, шеконе хир дара, ша рогIерчу, еалгIачу ханна канцлер хоржур хиларх билгал а шеко йоцуш иза елахь, цо шен кандидатура юха а харжамашка хIоттор яра бохург.

Европерчу а, дуьненан а тIегIанна тIехь уггаре а нуьцкъала зуда хилла ца Iаш, уггаре а тIеIаткъамечех политик йолу Меркелан дуьненчохь карарчу хенахь йолу конфликташ ерзорехь я уьш ерзон гIертарехь йолу рол лахйан а хала ду.

Политологна Чапханов Русланна хетарехь, шен карара канцлеран хан чекхйаьлча Меркелс даржера дIаяла сацам бинехь, Европина боккха эшам хир бара цунах.

Стенна – иштта дийцира политолого Маршо Радионе.

Мехала ду аьлла хета суна Меркел даржехь йиссар

Чапханов: „Меркелс еалгIачу ханна а канцлер хIотта сацам бар вуно мехала хета суна, уггаре а хьалха Германина а, цул тIаьхьа Евробартана а. ХIунда аьлча вайна хьалха лаьттарг чолхе хан ю. Украинехь а конфликт ю, Шемахь а тIом бу.

Ткъа керланиг бундесканцлер хаьржича, иза цу даржехь чIагIвелла валале кхечу ницкъаша цу конфликташкахь реванш эца гIортарна кхерам бу аьлла хета суна. ТIедогIучу шина шарна хIетте а мехала ду аьлла хета суна Меркел даржехь йиссар“.

Меркел Ангелин канцлеран даржехь бочу кхиамаша Европехь лидеран позице яьккхина Германи. Цу мехкан экономика массо а кризисехь а, халонех а толамцйа чекхйаьлла, де дийна мел долу толуш ю. Амма немцошна цундела езна ца Iа шайн Мутти.

Иза царна леларца а, дахарца а сонта йоцуш, кураллин хьаса шеца боцуш хиларна а еза. Масала, иза ша йоьду туькана шена сурсаташ эца. Ткъа цу сурсатех кхача а йо ша кечбо, шен хан хилча.

Кест-кеста цхьацца цхьаьнакхетаршкахь бюргерша шега хаьттича шена уггаре а дукхабезачу я ша уггаре а дика кечбечу кхачанийн рецепташ а юьйцу цо.

Доцца аьлча, бакъйолу зуда - канцлер шайн лидер хиларна.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG