ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Мемориало" кхеле арз дина


Дуьненаюкъара бакъонашларъяран «Мемориал» юкъаралло Оьрсийчоьнан юстицин министралло шаьш «арахьарчу агентийн» тептаршка дахкарна кхеле латкъам бина. И хаам баржийна оцу организацин директоран декхарш кхочушдечу Жемкова Еленас.

ГIадужу-беттан юьххьехь юстицин министралло «арахьара агент» статусе яьккхира «Мемориал» юкъаралла. Юстицин хьукматехь политикан гIуллакх лерира юкъаралло Оьрсийчоьно «арахьарчу агентех» низам тIеэцар критике диллар, оппозиционер, политик Немцов Борис вер пачхьалкхана тIедожор, Малхбалерчу Украинера хьолах дина дIахьедарш а.

Жемкова Еленас дийцарехь, шаьш резацахилар хоуьйтуш юстицин министралле дахьийтинчу кехатна жоп лардеш хан яйина хIинццалц, цундела шинарийдийнахь бен таро ца хилла кхеле арз дан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG