ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iалашонаш, проекташ, инвесторш, ишта кхин дIа а...


Махкана чIогIа оьшуш йолу инвестицийн ши проект кесста кхочуш йийр ю аьлла дIакхайкхина Нохчийчоьнан Iедало. Амма уьш оьшуш хиларна а, уьш кхочуш йийриг хиларна а шек бу юккъараллехь

Инвестицийн рогIера ши проект кхочуш йийр ю аьлла, цхьана дийнахь дIакхайкхина Нохчийчура Iедалша.

Цхьаъ - кардиологин клиника, важа - мехкдаьтта чекхадаккхаран индустри.

Хьалхарниг еш 200 миллион сом мах бу. Иза ян лаьрра йолу фирмин цIе йоккхуш яц. Цуьнах дIахьедар дина могушаллин министро Сулейманов Элхана.

Мехкдаьтта чекхадаккхаран завод ян Iалашоне лаьцна инвесторш Iаьрбойн пачхьалкхашкара бу. Цуьнах хаам бина Нохчийчоьнан махбаран а, индустрин а чоьнан вице-президента Баудинов Iийсас.

Бакъду, цо бахарехь и проект маца кхочуш йийр ю, олийла дац, амма буьйцучу инвесторшна чIогIа тайна иза аьлла цо.

Нохчийчохь тIемаш дIабирзинчул тIаьхьа дуьйна, хаддаза дIакхайкхош ду, экономикан проекташ кхочуш йийр йолуш ю бохуш.

Оцу хьокъехь хIора баттахь аьлча санна дуьне мел ду, даккхий кисанаш долу инвесторш чубогIуш бу олий дуьйцу.

И хаамаш дукха жигара болуш, сурт хIотталора, лаккхара даржхой царна хьошалла дан а, цаьрца бинчу берташна куьйгаш яздан а лара ца бо аьлла.

Юьйцу проекташ доккхачу декъана миллиардашкахь мах берш ю. Лаьмнашкара гидростанцеш а, телефонаш еш йолу завод а, иштта иттанаш кхиъ а.

Нохчийчохь и мел йолу проекташ кхочуш хиллехьара, вай чIогIа дика дехаш хира дара, лаьттара деши ахча схьаэца а ца дешаш.

ТIаккха мукъне а совцур бацара те цIахь, махках буьйлу нохчийн доьзалш?

Цуьнах шена хетарг элира Маршо Радиога бизнесхочо Муртазалиев Вахьида.

Муртазалиев: «Кест-кеста олу цхьацца проекташ йоьллур ю, белхан меттигаш хир бу. Шаьш мел йийр ю аьлла меттигаш кхара йича, дуьненан рицкъана а дуьзна Iаш хира дара вай. Тахана тIом бац, террорхой а бац. Заводаш а, фабрикаш а йича дика хира дара. Тахана Белоруссехь дозанехь лаьтташ эзарнаш нохчий бу. Хьалха тIамах уьдуш бара нохчий, хIинца белхан меттигаш йоцуш уьду».

Юьйцу кардиологин центр тIедогIучу шарахь аьхка схьайоьллур ю аьлла дог тешош дIахьедар дина Нохчийчоьнан могушаллийн министро. Иза чIогIа оьшуш а, цуьнга сатуьйсуш нах а, лоьраш а хилар даредо терапевта Басханова Маккас.

Басханова: «Кардиологин и центр йиллича чIогIа дика хира дара. И цамгар къонлуш ю. ХIора махкахь иштта дарбан хIусамаш ю. Вайн цIахь йича а дика хира дара».

Дукха хан йоцуш GENOIL компанино 50 миллиард долларан мах болуш инвестицийн проект ян сацам бина, аьлла рогIера дIахьедар дина Iедалша.

Цо махкахь лохур ду мехкадаьтта. Болх болор бу аьлла барт бина бац, и болх болийча дика хир дара аьлла, протокол хIоттийна, шена тIехь цхьа а декхар доцу.

XS
SM
MD
LG