ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ШариIатан полици" маьршаяьккхина Германехь


"ШариIатан полици" тIе яздина цIехо-можа жилеташ йоьхна, урамашкахь богIу-боьлхучаьрга имдилла бохуш, кхайкхамаш бинчу исламхойн тобан декъашхой маьрша баьхна Германерчу кхело. Ткъа цу тобан куьйгалхо террорхошна гIодарна шеконашца набахтехь кхобуш ву.

Ши шо хьалха немцойн юкъараллехь вуно йоккха IалагIож иккхинера, Германин Малхбузехь Iуьллучу Вупертал гIалахь иттех кегирхоша шаьш шайха „ШариIатан полици“ аьлла цIе а тиллина, шайна тIе и йоза яздина йолу можа жилеташ а йоьхна, урамашка бевлча.

Цигахь цара воьду-вогIург сеца а веш, къаьстина, тIехьажарехь бусалба орамаш долуш хила мега аьлла шайна хетарг, некъахошка бусалба дине юхаберзаре кхайкхамаш бора.

Туьканашкахь а, гIалин майданашкахь а карахь корта бахон маларш карахь долчаьрга а, кафешкахь а, ресторанашкахь маларшца хIума кхоллуш Iачаьрга а, дискотекашкахь я буьйсана сакъоьручу клубашкахь а нахана тIе а оьхуш, цаьрга им дилларе а кхойкхуш, царна даIаваташ а деш, жоьжахатин цIарца царна кхерамаш а туьйсуш, леллера шаьш моралан эвлаяаш лоруш болу кегирхой.

ХIетахь юкъараллехь йоккха гIовгIа елира церан леламаш бахьана долуш. Германин бахархоша латкъамаш бира бакъйолчу полице, ткъа хаамийн гIирсашкахь дека долийра, Германи хIинца шарIан низамашца ехаш ю я кху махкахь цкъачунна хIинца а меттигера конституци нуькъалехь ю боху хаттар.

ШариIатан полици ша шех олучу тобан куьйгалхо а, декъашхой а муьлш бу сиха гучуделира. Полицина хьалхехь дуьйна кега-мезгачу къепедацаршца гIарваьлла волу им диллина немцо, 20 шо долу Свен Лау хиллера цу тобане коьртехь.

Цкъа хьалха вевзаш волчу даIаваташдархочуьнца Фогел Пьерца а, кху деношкахь Германехь низамца йихкинчу „Бакъдолу дин“ цхьаьнакхетараллин куьйгалхочуьнца Абу Наги ИбрахIимца а доттагIаллехь хилла.

Цул тIаьхьа цу шинца а ийгIа а ийгIина, исламхойн могIаршлахь ша шена къаьстина карьера ян араваьлла волу и жимстаг полисхоша террорхошца зIенехь хиларна шеконашца толлуш хиллера хьалхехь дуьйна.

Дукха хан ца елира тIаккха, Iедалхоша Свен Лау а, цуьнан накъостий а лаца. Уьш лацаран официале бахьана – цара Iедалан белхахой, аьлча а, полисхой шаьш долчуха кеп а еш, Iедалан белхахойн духарех тардеш шайна духарш – белахйухкарш - а йина, маьршачу нахана новкъарло яр дара.

Ткъа 7 стагах лаьттачу тобан куьйгалхочунна цул совнаха бехке диллира, иза Шемарчу JAMWA, я вуьшта аьлча а Dschaisch al-Muhadschirin wal-Ansar тобанна гIо деш хилар.

ХIинца оршот дийнахь Вуперталерчу кхело бина сацам Германехь дукха нах цецбохуш бу. Тобанера массо а ворхI стаг кхело маьрша ваьккхина, шайна дуьхьал теттинчу бехкех цIан а веш. Харц униформа лелорна кхеле озийна болчу кегирхошна гIуданаш тоха бакъо луш йолу низам Германехь дац бохург далийна кхелахоша шайн сацамна бух балош.

„Цхьа а низам дац вайн махкахь ишттачу хьолехь нахана дуьхьал даккха. Цундела цу кегирхошна хенаш тохар харц хир дара“, - аьллера кхелахочо шен сацам дIакхайкхочу хенахь.

Бакъду, кхин дIа а набахтехь витина тобан куьйгалхо Свен Лау, цунна дуьхьал кесталгIа шена къаьстина процесс йийр йолуш ю, террорхошна белшашгIортор хьокъехь.

Хьахон догIу, Iедалхоша шайн тоба лаьцначул тIаьхьа Свен Лаус ша шаьш лелийначунна дохковалар гайтина хилар. Леринчу видеокхайкхамехь цо элира хIетахь: „Ас мукIарло до, оха тхайн акцина хаьржина хилла йолу цIе провокативе яра. Иза тхан гIалат дара, хетарехь“, - аьлла.

Цу юкъана Германехь масех де хьалха низамца йихкина йолчу „Бакъдолу дин“ цхьаьнакхетараллин гараш Австрехь а, Швейцарехь а хиларна, цу шина пачхьалкхехь а ю кху деношкахь и цхьаьнакхетаралла а, цуьнан жигараллаш а ехка езаш боху дискуссеш дIайоьлхуш.

Джихадхойн а, радикалечу исламхойн а боламаш толлуш Венерчу университетехь болх беш волчу Iилманчас Шмидингер Томаса дийцарехь, цкъачунна Австрехь „Бакъдолу дин“ цхьаьнакхетараллин гарийн леламаш кIирбеллачу тергонехь латтош ду Iедал, амма цуьнан жигаралла ехка бахьана хIинца а карийна дац.

Шмидингер: „Австрехь цхьа официале цу цхьаьнакхетараллин маша бац. Амма церан информацин структураш ю Австрехь хилла а ца Iаш, Швейцарехь а, массо а немцойн мотт лелачу мехкашкахь а, царел арахь а.

Делахь а, Германехь и цхьаьнакхетаралла йихкинера аьлла и бохург дац Австрехь а иза йоьхкур ю бохург. Полицин векало тахана дIахьедира цу хьокъехь, шаьш и тобанаш тергал еш а ду, цкъачунна амма гIудане леламаш гучубевлла бац шайна аьлла“.

Цу юкъана, Германехь „ШариIатан полици“ ша шех олучу тобан декъашхой гIуданаш маьрша битаро цеце йина юкъаралла а, хаамийн гIирсаш а. „Цхьа пайдабоцу берийн ловзар цара лелийнарг долчуха кхело и нах мукъабитар догцIеналла ю.

Вайн юкъараллин бух цхьанге а ласталур боцуш хилар гайтар мехала хIума ду.

Вай кхеташ хила деза, цуьнан дуьхьалончаша шайн ка дол-долучу гIирсах пайда оьцийла, и бух гIелбан гIерташ“, -аьлла яздинера цу хьокъехь тIеIаткъамечу немцойн Франкфуртер Аллгемайне Цайтунг газетано.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG