ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доналда тIе ца оьцу Кремлца "юкъаметтигаш карлаяхар"


Iамерко хаьржинчу президенто Трамп Доналда тIе ца оьцу Оьрсийчоьнца "юкъаметтигаш карлаяхар" олу кеп, амма боху Вашингтон а, Москох а бертахь хила еза, къаьсттина Шемарчу конфликтан хьокъехь. «Нью-Йорк Таймс» газетан редакторшца а, репортерашца а хиллачу цхьанакхетарехь дина Трампа и дIахьедар. Iамеркан Иракъца болчу тIамах дуьйцуш «пачхьалкхан исторехь уггар доккха гIалат» ду иза элира цо.

Шемахь 6 шаре баьлла боьду тIом сацорехь шен цхьацца мехал ойланаш ю элира Трампа, амма уьш йийцаре ца йира цо. Президентан Асад Башаран агIонча ю Москох, ткъа Вашингтоно гIаттамхой къобалбо, президенте дарж охьадиллар а доьху цо. Ша хьалхо ма аллара, Оьрсийчоьнна а, Iамеркна вовшашца бийца мотт каро беза юкъара проблемаш луьттуш.

Трампа тIе ца дитина, шеца президентан дарж къоьвсинчу Клинтон Хилларис пайдаэцна «юкъаметтигаш карлаяхар» термин йогIуш хилар, хIинца ша Оьрсийчоьнца бертан уьйраш хила еза бахарца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG