Царех дукха –кIезиг муьлш бу ала хала а долуш, шина кепара оьцу Нохчийчохь пенсеш: хIоранна а кар-кара дIалуш а, карточкашца пайдаоьцуш банкоматашкахула а.
Нехан аьттонна и гIирс-аппараташ цхьайолчу ярташкахь а ю дIахIиттийна.
Бакъду, оцу пенсеш гонаха кху тIаьхьарчу хенахь, леррина я ларамза юкъ-кара йохучу гIовгIанаша, шеконаш алсамйохуш, сагатдо нехан.
И сингаттам марсабаккхахь бен лах ца бо, хIора баттахь бохург санна, пенсеш нахе дIакхачийтар тIаьхьатеттаро.
Масех шо хьалха дукхахболчарна хIора беттан юьххьехь дIакхачош хилла пенсеш тахана шина –кхаа кIиране дахделлла.
Карарчу хенахь кхузахь эзарнашкахь адам ду и ахча каракхачаре сатесна Iаш.
Цхьаболчарна хетарехь пенсеш хьедар бахьана хила тарло дехьа-сехьа а кхуьссуш иза хьовзор, ма-дарра аьлча, ахчане ахча дайтар.
Ишта хьажам болчех ву соьлжагIалахо Iаьлви.
Iаьлви: «Пенсеш бIеннаш миллионашкахь ахча ду, берриг мохк схьалаьцча-м муххале а. И тIаьхьа мел титти а царна са ма хуьлу. Шина-кхаа кIирнах оццул ахча хьедаро банкехь болчаьрга чIара-м стенна буьйцу, хинана а карйойтур ю киснахь, тIееттало проценташ бахьнехь»
Пенсеш хьокъехь, цигара сурт довза Iалашонца, со дагавийлина ХIирийн мехкан Мазалк кIоштехь бехачу нохчех а.
Цигарчу вахархочо МагIарбис чIагIдарца, царна хIора баттахь цхьана хеннахь дIакхачош де пенсеш. Цунна дика девзаш хиллера пенсешца доьзна цIера хьал а.
МагIарби: «Кхузахь ХIирийн мехкан Мазалк кIоштехь хIора баттахь цхьана хенахь схьало пенсеш. Стохка лелийра кхузахь и хIумнаш, ахча шолгIачу батте а доккхуш. Бакъдерг дийцича, селхана цIахь хилла со. Нах чIогIа саготта бара и пенсеш хьедар бахьнехь».
Шайн белхахой а болуш, пенсеш дIакхачош йолу хIукхматаш ю массо кIошташкахь кхоьллина. Церан болх дIа ца балийта, карточкийн гIоьнца пенсеш оьцуш берш цига дехьа бовлийтархьама, леррина хьедеш лору ахчанаш цхьаболчара.
Цунах а, кхечух а сан къамел нисделла Шелковск кIоштерчу, Макка аьлла шен цIе яьккхинчу, цхьана социалан белхочуьнца.
Амма цо а тардолуьйту хьовзорхьама хьедеш ду нехан пенсеш бохург.
Макка: "Служба доставки" бохуш, хIоранна а ахча цIа кхачо кхоьллина хьукхматаш ю, алапа оьцуш белхахой а болуш. Церан аьллар –лаамца хьедеш дуй те аьлла а хета суна, цхьана агIор пенсеш.
Уьш хье мел ди а, карточкашна резабоцурш, цаьргахула пенсеш эца луурш тIе ма кхета. ШолгIа, ахчано до ахча бохуш ца кхетам бу-кх. И хьедар Iалашо и хила а сахьт дац –шайна проценташ тIекхетийта хьаькамаша цхьана ханна кхечу банкашка охьадиллар…..»
Пенсин хьокъехь къамелашка бовлучу бахархоша, тохар а деш билгалбоккхура, шайна гергахь кхин цхьа мехала хьажам а.
«Хьедархха-м хIума дацара, иза-м ловр дара, саца ма дахьара цара пенсеш далар».
Цу шеконан моттаро гойту аьлла хета адамашкахь бегашена а боцуш, боккха кхерам хилар а, Оьрсийчохь хIуъу а хила тарло-кх аьлла, уьш къаро ян кийча хилар а.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832