ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан эскархо вийна Шемахь


Къилба Шемарчу Ракка провинцехь Iамеркан эскархо вийна. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн тIеман министраллан пресс-релизтIехь хаийтина, цIе ца йовзийтинчу салтичунна хиллачу эккхийтарехь лен чов йина хиларх. Пентагонан куьйгалхочо веллачун гергарчаьрга кадам бина.

The New York Times газетан хаамашца, Iамеркан чIагIонца йинчу Iалашонца арабевлла Шемарчу тIамехь дакъалоцучу тIеман эскархошлахь дуьххьара хилла зен ду и.

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа и тIеман операци йолийна ши шо ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG