ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алеппон 250 эзар вахархочунна гIо оьшу


Яхначу буса Шемарчу Алеппохь маьршачу нехан хIусамашна тIе кеманан тохарш дарца иттех стаг вийна, иттанашкахь бу чевнаш йинарш а. Шемарчу адамийн бакъонийн терго ечу мониторинган центро билгалдоккху, зенаш хиллачарлахь бераш а хилар.

Хьалхо ООН-ан векало Эгеланд Яна дIахьедира, Шеман гIаттамхошкара кехат-пурба кхаьчна шайга кхаа денна «гуманитаран маслаIатна» ша резахилар хоуьйтуш, голаьцначу Алеппон бахархошна гIо кхачийтархьама а, чевнаш йинарш гIаличуьра арабахийтархьама а.

Бартан пурба делла Оьрсийчоьно а. Дамаскан официалан пурбане хьоьжуш хIинца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG