Туркойчоьнан Къилба Малхбалерчу Диярбакыр гIалахь «Iамеркан Аз» («Голос Америки») газетан штатехь йоцу репортер Фаркин Хаджиджан дIалаьцна. Иза лацарх ма дарра хилларг шоьтан дийнахь цуьнан доьзалан доттагIчо хаийтина.
Лацаран бахьанаш цкъачунна къаьстина дац, аьлла дуьйцу «Iамеркан Аз» газетано. Фаркинан доьзало чIагIдарехь, оцу кIоштахь кхайкхийначу чолхечу хьолан раж бахьана долуш, адвокатан аьтто ца хуьлу Хаджиджанца зIе таса. Туркойн Iедало кIирандийнахь маьрша яьккхина, шаьш масех де хьалха лаьцна латтийна туркойн Би-Би-Си редакцин журналист Камер Хатис.
Туркойчоьнан Къилба Малхбалерчу Сиирт кIоштарчу шахтехь хиллачу эккхийтарехь беллачу кIорабоккху белхахойх репортаж дIахьош яра иза.