ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ирсе ву-кх паччахьна там бинарг!


Кадыров Рамзанан кхаа кIанта совгIатна 12 миллион доьху машен елла совгIатна шайн тренерна.

Кар-кара оьцуш, дийцаредеш, гаттонехь ю социалан зIенаш Нохчийчуьрчу вахархочо Эдилов Iабдул-Керима Инстаграмерчу шен агIонтIехь бинчу хааман хьокъехь.

ПIераскандийнахь 24 шо кхочуш вина де дара цуьнан.

Дагахь а доцуш, шена Кадыров Рамзанан кхаа кIанта совгIат дарх, кхаъ боккху цо, дозаллица.

«Сан дахарехь кхачо ю массо а хIуманца! Амма уггар со воккхавийриг ду, Ахьмад а, Эли а, Адам санна вежарий, сан хилар. Оха дуккха а хан дIахьо цхьаьна, сан оцу берашка болчу безамах, сан царна тIерахиларх дешнашкахь дийцина а вер вац. Винчу денца декъалвеш, цара суна динчу совгIате ас цкъа а са а ца тийсийнера - Порше Панамера машен елла суна», яздо Эдилов Iабдул-Керима.

Немцоша арахецначу Порше Панамера машенан мах хадийна 10 миллион гергга сом.

Ткъа мила ву ша Эдилов Iабдул-Керим?

Иза Нохчийчуьра эйинчу кепан латархо ву. UFC (Ultimate Fighting Championship) (Латархойн юьззина чемпионат) лигехь ву.

Цул совнаха, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кхаа кIентан тренер а ву иза.

Делахь а, Эдилов гIараваларан кхин а дара бахьанаш.

Масала, антидопинган иккхинчу скандалехь а дикка гоьелира цуьнан цIе.

Iамеркан антидопинган агенталло 15 баттана дихкина цунна спортан барамашкахь дакъалаца, цо мельдоний лелорна.

Талламбинчу агенталле Эдиловс, ша спортан хьашташна ца лелийна и молха, дарбадеш бен, аьллера.

Делахь а, тIедогIучу шеран бIаьсте юккъе кхаччалц дихкина спортхочунна къовсамашкахь дакъалаца.

Оццу юкъанна Соьлж-ГIалахь "Grand Prix Akhmat-2016" Дуьненаюкъарчу турнирехь Кадыров Рамзанан бераша: 10 шо долчу Ахьмада, 9 долчу Элас, 8 шо долчу Адама а дакъалацар емалдира Оьрсийчоьнан ММА-н президенто Емельяненко Федора.

Кадыровна тешамечу бIоно цхьабоса Емельяненко сийсазвеш, маьттаза мел дерг яздира Инстаграмерчу шайн пенаш тIехь. Вара царлахь ша Эдилов Iабдул-Керим а.

Украинерчу гоьваьллачу латархочо Крылов Никитас гIо даьккхира, ша лоручу Емельяненко Федорехьа.

И ца тайначу Эдилов Iабдул-Керима шеца лата кхайкхира украинхо Крылов Никита.

Ткъа важа дуьхьал вац латарна, Крыловс доцца жоп делира Эдиловна: «Телефонаш а ца етташ, "вуьйр ву", "воккхур ву" бохуш, кхерамаш а ца туьйсуш, бIаьста тасалур вайшиъ.

Цул тIаьхьа къаьстар ду, спортехь мила виса веза, социалан машанехь йозанаш деш мила Iен оьшу а».

Шайн тренерна Кадыровн доьзало динчу совгIатна тIе ойла юхаерзош, билгалдаккха догIу, цу кепара, да ваххал мах белла машен совгIатна ялар, дашо биргIанаш, унитазаш хIусамаш чу а хIиттийна, бехачу «паччахьан» доьзална хIун ду?

Дахначу винчу денца Кадыров Адам декъалвеш, цIарх вуьйцуш воцучо Merсedes SLS AMG 12 миллион сом гергга мах боьху машен елира совгIатна.

Ца кхета, социалан машанашкахь пайдаоьцурш, мичара даьлла оццул ахча, тахана а берийн пособи тIехь Iачу кхиазхошна. Сонталла лору цара, тIаьхьалонан ойла а ца еш, латархочо ишта ледарниг шега далийтар.

Дуьхе кхиа гIертачу цара кеп-кепара дуьйцу шайна хетарг. Цхьана декъо хьогIаца, вукхара Iиттаршца.

КIезиг бац и хаам къобалбарца тIеэцнарш а.

Интернетехь сурт тергоне эцначу нахах дукхахболучара кхардарца яздо, цамгарш лецна, бала хьоьгучу махкарчу берашна, газах, серлонах мах дIабала таро йоцуш кху муьрехь боьлхучарна, баттахь цкъа мукъане а шуьнехь жижиг ца гуш бехачарна, белхан къоьлла латтарна, махках буьйлучарна дахарехь цкъа мукъна а бовлуш белхьара шайн гергара «Ахьмад», «Адам», «Эла», баккъал а ирсе хир дара дерриг нохчийн къам.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG