ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Царах хIора а теша ша халкъана везаш хиларх


Ницкъ болу Iедалан куьйгалхой (диктаторш) цхьатера ца хуьлу, Амма царах хIора а тешна хуьлу ша дика хиларна халкъана ша веза бохучух.

Ким Чен Ын

Къилбаседа Корейн куьйгалхо ву 2011-чу шарахь дуьйна.

Маршал.

Хьулдбина латтош ву иза шен доьзал: зуда а, ши бер а.

Гергарнаш ца лору цо. Къинхетам боцуш вийна цо шен деваша.

МостагI: дерриг а маьрша дуьне.

Къинхетам боцуш бойу «халкъан мостагIий».

Махкахошна веза иза барам боцуш.

Оццу хенахь мацалла ловш бу миллионаш бахархой, шайна юкъахь

28 процент кегий бераш а долуш.

Сталин

Советан пачхьалкхан куьйгалхо (1922 -1953). Генералиссимус.

Советан халкъан баьчча

Нана езаш ца хилла Сталинна.

ХIусамнана елла, ша шена тапча тоьхна.

КIант велла йийсарехь ШолгIа дуьненера тIамехь.

Цо кхоьллинчу пачхьалкхара Iамерке едда цуьнан йоI.

МостагIий: Вийна лаххара а 10 миллион стаг.

Набахташкахула чекхдаьхна иттаннаш миллионаш адамаш.

Махкахдаьхна дийнна къаьмнаш.

Путин Владимир

Оьрсийчоьнан президент.

Подполковник.

ХIусамнана йитина.

Доьзал хьулбина.

МостагIийн кхоллам да хьоьгур воцуш бу.

Реза боцучу наха бехке во иза даржехь волуш

инзаре боккха бахам гулбарна.

Кадыров Рамзан

Нохчийн Республикан куьйгалхо «гоно вазвеш олу цунах паччахь)

Инарла-майор.

Нанна муьтIахь ву.

Тешаме хIусамда.

Кадыровна дукха еза акхарой, даьхни, говраш.

МостагIий: Цуьнан дешнашца аьлча,

51 пачхьалкхера «террорхой» а,

Оьрсийчоьнан суверенитет

йохо лууш болу ямарт нах а.

Тешна ву ша бахархошна веза бохучух.

Бахьана: Мехкан куьйгалхо хоржуш

цунна шайн кхаьжнаш дIабелла

100 % (!) гергга харжамхоша.

Гулбинчу бахамах лаьцначу хаамца,

долахь ур-аттала хахка машен а, чохь ваха лортIехь хIусам а йоцуш,

адамийн хьашташна вецаш ву.

БОНУС

Мсвати III

Свазилендан паччахь.

Махкахоша бехке во Мсвати III

пачхьалкхан ахча лечкъорна.

Къелла хьоьгуш махкахой а болуш,

паччахь а, цуьнан 12 зуда а еха вуно дикачу хьелашкахь.

2001-чу шарахь Мсвати III –чо

дихкинера зудаберашна 21 шо кхачале маре бахар.

И низам дохийначуьнан дала дезара гIуда - цхьа етт.

Уггаре а хьалха иза динарг вара ша паччахь.

Кхиина йогIу йоI а ялийна, ша шена шена гIуда туьйхира цо… цхьа етт!

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG