ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Вконтакте" машанехь экстремизм яржорна


Вахархочо «Вконтакте» олучу социалан машанехула нах терроре кхойкхуш видеош яржор толлуш бу Нохчийчуьра низамхой. «Шема ю кхойкхуш. Жоп лой ахь?»,«ДАIИШ. ДжундуллахI, хIай, АллахIан бIаьхо» аьлла ю эксперташа зуламе лору ши видео. И хаам бина Нохчийчуьрчу прокуратурано шен сайтехь.

Хьостано бахарехь, шинна тIера пхеа шаре кхаччалц набахтехь такха хан я ах миллион сом гIуда тоха тарло оцу вахархочунна, нагахь бехк цунна тIехь буьсуш нислахь.

Бахначу луьстуш дара кхечу цхьана интернетхочунна дуьхьал гIаттийна арз а. Ерзанукаев Шемал бехкевина цо бардан Муцураевн эшарш оццу «Вконтакте» машанехула яржор а, шен агIонтIе цо ДАIИШан байракх йиллар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG