ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СадаIа хаане а хаий те вайна?


Дукхахболу нохчий, цхьа де а юкъара ца долуьйтуш, болхбеш хилар тергоне эцча, хетало церна данне а дац садоIуш Iедал. Ткъа, хIинца-м Iедалша а дIакхайкхина, малар ца хилча а, Нохчийчохь самукъане а, ирсе а дахар ду, аьлла.

Нохчашна кхечу къамнашна санна, садаIа ца хаьа. Шен хIусам еш велахь, велла дIаваллалц цунна тIехь къахьоьгу. Болх бахь, мацалла валарна кхоьруш санна, букъ саттийна, мукъаденош а ца дуьйцуш. ТIехула тIе, шинна тIамехь, шайн юкъарабаьлла аьтто, хIинца меттахIотто гIерташ, хийла адам коше дахна, я дуьне а ца дууш, хIинцалерачу молланаша дийцарехь, эхартахь а паргIато хир йоцуш.

СадоIийла янне а яц нохчийн. Гул а лой, пIенда сатталц жижиг дуу. Иза ду тахана, уггаре а даьржина садаIар. Масала, Сангариев Лоьмас, жимчу стага, ма аллара.

Сангариев: «Шашлык юуш сакъоьру оха. Корта бахош хIума оха лелош а яц. ГIийла тхайн сакъоьру, тIе кемса а кхоллуш».

Маларх кхетар нохчийн гIиллакх ца хилла. Хьалха йий олу малар хилла, дуьйцу баккхийчара. Ткъа, баккъал а маларца долу «гергарло» нохчийн тасаделлира оьрсийн Iедал чIагIделча. Иза дахаран гIиллаккх а хилла дIахоьттинера, дуьйцу Хьалха-Мартанан кIоштарчу вахархочо Юсупов Вахас.

Юсупов: «Нохчашна юккъахь маларш ца хилла. Наггахь оьрсийн Iедалхошца "йоккхуш" хилла. Коммунистийн Iедал тола а тоьлла, колхозаш ехкича, партех берш маларх кхеташ хилла. 1944 шарахь вайн къам дохийначу хенахь, вон мел долу хIума Iаьмна. Милицехь, хьо молуш а, тонка узуш а ца хилча, мотт бетташ ву аьлла хеташ а хилла. Оьрсашца гIуллакх хьайн дIадахийта лууш велахь, цаьрца мала дезаш хилла».

Хьалха санна хьошалгIа а ца оьху нах. Марзо-безам дIабаьлла олу баккхийчара. ХIинца махкахь шортта самукъадаккха аьттонаш бу бохуш чIагIдо Iедалша. Меттиг хиларх ца тоьу, кисанна "тапча тухуш" хилча, боху Юсупов Вахас.

Юсупов: «ХIина дуккха а меттигаш ю боху вайн махкахь садаIа. Уьш хиларх ма ца тоьу, хьоьгара шортта ахча дIадоккхуш хилча. СадаIаран-саамукъадаккхаран центрш ю. мах а боцуш, юккъараллийн боху меттигаш яц, мел чIогIа ю бахахь а».

Ша дукха жима волчу дуьйна болх бечу Тунтаев Iалиханна дош ца хета садаIар бохург. Шен доьзалехь яьккхина хан ю боху цо, шена ницкъ латтош ерг.

Тунтаев: «КIирнах ялх дийнахь балхахь ву со. Мукъадийнахь шича, йиша-ваша долчу а воьдий, самукъадоккху ас. Кхин садаIар - санаторийш, курорташ сан хилла а яц».

Дехкарш, цхьана тIаьххье важа, юкъадалочу Iедалшна а ца хуийла дац, кегирхой харца новкъа ца бовлийта, царна цхьа альтернатива хила езийла. Махкахь болх беш шортта спортан секцеш ю. Баккхийчеран дош хьалха санна деза бац. ХIунда аьлча, цара хьехам беш олуш ду: шаьш дийриг ма де, шаьш бохург де...

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG