ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Джемал Гейдар: "Оьрсийчоь къаьмнийн набахте ю"


Iеламча, политолог, «Оьрсийчоьнан Исламан комитет» юкъараллан куьйгалхо, Джемал Гейдар кхелхина.

Ерриг а Оьрсийчоьнна дика вевза Iеламча, «Оьрсийчоьнан Исламан комитет» цIе йолчу юкъараллан куьйгалхо, Кавказан а, бусулба динан эксперт, философ 69 шаре ваьлла Джемал Гейдар кхелхина кIирандийнан буса.

Джемалца гергарлонехь, доттагIаллехь мел хиллачара социалан зIенашкахула Iорабаьккхина и хаам.

Оьрсийчоьнан Европерчу агΙонан бусулбанийн лидеран гΙовса Мухетдинов Дамира дIахьедина, бусулба нахана Джемалан кхалхар доккха зен ду, хIунда аьлча иза воккха Iилманча-хьехамча вара аьлла.

Суна дика вевзара Джемал

«Суна дика вевзара иза, кес-кеста телевизионехь вовшахкхетара тхойшиъ.

Со цуьнца къовсуш, цуьнан дуьхьалонча хиллехь а, боккха ларам бара сан цуьнгахьа иза хьекъал долуш, кху заманан Оьрсийчуьрчу бусулбанашлахь къегина адам хиларна», аьлла яздина Мухетдинов Дамира.

Маршо Радионо кес-кеста зIене воккхура Джемал Гейдар Кавказехь хуьлучу хиламийн, бусулбанашлахь лелхачу цакхетамийн хьокъехь. Лаккхарчу хааршца, кхетамца хадабора цо мах.

Карладоккху политолога тидамехь латтийна уггар гIовгIане тергалдарш

Масала, дахначу шеран бIаьста «Новая газетано» дIахьедира оппозиционер, политик Немцов Борис вийначара хIоттийна тептар ду, шаьш тоьпаш тоха билгалбаьхначу нехан, аьлла.

Ишта и бакъхилар чIагIдеш, шайн хаамийн къайлахчу хьасташна тIе а тевжаш хаийтира «Нью Таймс» агенталло а.

«Кавказский узел» агенталло оцу хьокъехь эксперташлахь хаттам дIабаьхьира. Вара царлахь Джемал Гейдар а.

И тайпа тептарш Iорадохуш ца хуьлу, элира хIетахь цо.

Тептаршка баххал дукха ца хуьлу мостагIий

«Ишта тептар цхьана стага шен коьртехь латтош хуьлу. ДIаязбина тептаршка баххал дукха ца хуьлу мостагIий».

Оцу юкъанна билгалдоккху Джемала, Немцов Борис оцу могIрашкахь ву бахаро а тоьшалла до, и тептар цахиларан.

«Францин журнало Шарли Эбдос Пайхамарна ехкина карикатураш бакъярна вийна Немцов боху верси вай юьхьарлацахь, политик хуьлийла дац цу ду бохучу тептартIехь. ХIунда аьлча, Немцовс цкъа а емал ца дора бусулба дин, кавказхошца дикачу агIор яра цуьнан юкъаметтигаш».

Ишта дара Джемалн дIахьедар.

5 шо хьалха Нохчийчу Пайхамаран дахарца йоьзна хIумнаш кхачийча, Джемала шеконе диллира уьш баккъал а цуьнан хилла хилар.

«Британера Нохчийчу еза лоруш безамна лелан хIумнаш еана хилар динехь а, политикехь а маьIне ду, амма дуккха а хеттарш хIуьтту уьш бакъхиларехь.

Оцу хаттарна жоп исламхойн историкашка деха деза», элира Джемала.

Цо чIагIдарехь, оцу мехалчу хIуманийн шайца цхьаьна тоьшаллин кехаташ хила догIу, ткъа Пайхамаран хилла бохучу хIуманийн бух бац. Баккъал Пайхамаран гIирсаш, бедарш адамашна лело ца магийна, динан институша пайдаоьцуш, шайгахь латтош ю аьлла, тешна вара Джемал Гейдар.

КIезиг доцу, тоъал политикан бахьана хета Джемална и еза хIумнаш Нохчийчу яр.

Политикан аспект ю цу бухахь

«Бусулбанийн мехаллаш шена чу гулъен меттиг хуьлуш ю Нохчийчоьнах аьлла сурт хIотто санна» хIума ду и аьллера цо.

2009-чу шарахь нохчийн бакъоларъярхо Эстемирова Наталья йийначул тIаьхьа мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цуьнах лаьцна аьлла дешнаш критике дехкира Джемал Гейдара.

Маршо Радиона хIетахь еллачу шен интервьюхь Кадыровс «Эстемирова эхь-бехк, сий доцуш стаг яра» алар этике диллича товш доцург ду элира Джемала.

«Политикан даржерчу стеган ден къамел дацара иза. Ишта а Эстемирова ерна бехкебечарлахь волчу Кадыровс цуьнах лаьцна сил шога, маьттаза дош алар, нахалахь леларан къепе йохор ду» элира политолога Джемала.

Кху деношкахь ши шо кхечи Соьлж-ГIаларчу Зорбан цIийнехь а, 20-чу школехь а гIаттамхоша хьул а белла, массех некъан полисхо а вуьйш, тIом бина.

Цхьаболчу тергамчаша Нохчийчохь хилларг Кадыров Рамзана «ша хIоттийна спектакл яра», бехира.

Вукхара Iамерка бехкейора.

Ткъа бусулба динан эксперто, Кавказ таллар шен тергонехь латточу Джемал Гейдарна хетарехь, Соьлж-ГIалахь хиллачу тIеман тIелатарехь Украинан лар яра. И тIом эккхийтарехь Киево мах белча санна лерира цо, Iамеркан бехкхилар аьттехьа а ца дуьтуш.

Оьрсийчоьнан президент Путин Влдаимир халкъе вистхуьлучу дийнахь и тIелатар нисдалар а лаа ца хийтира Джемална.

Къилбаседа Кавказехь 90-чу шерашкахь иккхинчу конфликтна дуьхьал вара Джемал. Иза тешна вара, и тIом уггар хьалха Кремлна оьшуш хиларна. Цуьнан дешнашца аьлча, кавказхойх уггар луьра мостагIий бан Iалашо тIеэцнера Оьрсийчоьнан Iедало.

Маршо Радиоца тIаьххаьра хиллачу къамелехь Оьрсийчоьнах, цуьнан коьртехь лаьттачу Iедалх лаьцна Джемал Гейдара аьлла дешнаш юха а хозуьйту оха.

Оьрсийчоь - къаьмнийн набахте ю

Джемал: «Оьрсийчоьнан хьасташа шаьш дийцарехь, президентан Путинан дIакхайкхийначу пхийтта сацамех цхьаъ бен кхочуш беш бац. ТIаккха, кхин хIун дуьйцур ду ахь оцу хьолехь!? Яц цхьаьннан а Iалашо Оьрсийчохь бусулбанаш ирсе бахийта. И Iалашо цхьаммо а хIоттийна а яц!

Я хIинца а, я хьалха а. Бакъ хилла Ленин! Цо Оьрсийчоь къаьмнийн набахте ю аьллера. Ма дарра аьлча, набахте хилла ю и къаьмнашна тоххара а, изза набахте ю тахана а».

Джемал Гейдаран официалан агIонтIехь болчу хаамашца, шинарийдинахь лаьттах вуллур ву Алма-Атарчу «Кенсай - 2» кешнашкахь.

«Оьрсийчоьнан Исламан комитетан» куьйгалхочо лоьрийн дарбане сатуьйсуш тIаьххьара денош дIадаьхьна Казахстанехь.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG