ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан махкал арахьара эскарш жимдан дагахь ву Трамп


Iамерка -- Трамп Доналд Файетвиллехь, Къилбаседа Каролина, ГIура-бутт, 6, 2016
Iамерка -- Трамп Доналд Файетвиллехь, Къилбаседа Каролина, ГIура-бутт, 6, 2016

Iамекан хаьржина президент Трамп Доналда бакъдина шен махкал арахьа цхьацца регионашкахь дIатардина эскарш жимдан планаш хилар. Цунах лаьцна Трампа дIахьедар дина Къилбаседа Каролинехь Файетвиллехь вистхуьлуш.

Трампа дийцарехь, Цхьаьнатоьхна Штаташ конфликташна юкъагIоьртар ю, нагахь уьш Iамеркан кхерамазаллах а, терроризмах а хьакхалуш хилахь.

Иштта, Трамп Доналда дIахьедар дира, «Исламан пачхьалкх» шех олучу тIеман тобанца къийсам дIахьура бу Iамерко аьлла. Цу тайпачу арахьарчу политикан стратегино кху дуьнентIехь дахаран хьал гIолечу даккха аьтто бийр бу аьлла хета цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG