ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Олланда емал йина Оьрсийчоь Шемах лаьцначу резолюцина дуьхьал яларна


Франци -- Францин президент Олланд Франсуа. ГIура-бутт, 2016
Франци -- Францин президент Олланд Франсуа. ГIура-бутт, 2016

Францин президенто Олланд Франсуас емал йина Оьрсийчоь, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхеташонехь Шемах лаьцна резолюци тIе ца эцийтарна. Францин лидеро дийцарехь, Москох дуьхьал яьлла Шемара конфликт дIаерзорна.

Оьрсийчоьно а, Китайно а оршотан дийнахь дуьхьал кхаж тесна Шемах йоьзначу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхеташоно кечйинчу резолюцина. Цу документаца а догIуш, Алеппохь 7 денна лерина машар хIотто безаш бара.

Оьрсийчоьнан векло дIахьедар дина, цу тайпа ханна герзаш деттар сацор, пайденна хир дара Асадана дуьхьал тIом бечу тобанаша аьлла.

2011-чу шарахь дуьйна Оьрсийчоьно йолхазза вето кхайкхийна Шемахь тIом сацор Iалашонца Кхерамазаллин Кхеташоно кечйинчу резолюцешна. Китайно изза дина пхоьазза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG