ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемаш бирзича а тIаьхьара ца йолу онкологи


ТIемаш бирзинчул тIаьхьа чот яцара Нохчийчуьра кхечу мехкашка шайн могушаллин талламаш байта дIаоьхучу нехан.

Астрахань, Ростов ши гIала яра бахархоша дегайовхонца юьхьарлаьцначарех.

Даго сингаттамехь латториш Астраханерчу клиникашка, цIе ца йоккху лазар аьлла халкъалахь даьржинчу онкологин унан шконашца берш Ростов гIала дIасабекъалора уьш.

Шо шаре мел долу оцу цамгаран гураша лоцучийн терахь хаъал кхиинера. Лоьраша йолу цамгар яц онкологи аьлла чIагIдинехь а, даьржира хIетахь и лазар, ша инфекцин ун санна.

Медицинан говзанчашна хетарехь, и лазар карзахдаларан, даржаран бахьана цхьаъ дара, тIамо йитина лар, тIамо бина тIеIаткъам, тIамо юьйлина хьу.

Ишта ца хуьлийла а дацара, хIаллакйина гIала, ца хилча санна, йохийна, бухъяьккхина медицина, тоьлла лоьраш, цкъа мацца а юха меттахIотторах дог а диллина, шайна болх лаха а, шайн доьзалшна паргIате, токъе лаха Iалашонца, махках буьйлура.

Боьха хиш, оьрсийн федералаша диттина химин герз, саццаза кеманаша еттачу бомбех къаьхкинчу адама цIийнан бухарчу ор чохь хан йоккхура.

Дахначу шарахь юха а дийцаредаьккхира Нохчийчохь онкологин лазаро лаьцначийн терахь юха а луьстадаларх.

Онкологин цамгарх белларш алсам бу Оьрсийчохь аьлла дара официалехь кхайкхор.

Тахана долчу терахьашца, 14 эзар цомгуш стаг ву Соьлж-ГIаларчу онкодиспансеро шен тергоне эцна. Цул совнаха, хIора шерачохь 2,5 эзар стаг онкологин кеп-кепара лазаршца хилар гучудолу талламаш бича.

Дуьне ма-дду шайн дегI дадийна, дарбане сатесна леларш багарбина а бац хIинца а.

Уьш тIекхетахь, шозза сов дала куц ду и терахь. Махкахь лоьрех чекхбовлий, цара хIоттийначу диагнозо багабой, таро елахь а, яцахь а луларчу мехкашка хьовду, цара онкологи хилар харцдаре сатуьйсуш.

Маршо Радион эфирашкахь дукхаза латкъамаш бина Нохчийчуьрчу бахархоша, лоьрийн корматалла ледара хиларх, харц цамгарийн, лазарийн диагнозаш хIиттош, бIостанехьа лелийначу дарбанаша адамашна зенаш дина меттигаш хиларх, дарбан цIенойн гIишлош хьалайинехь а, цу чохь болх бан хаарш, зеделларг долуш лоьраш тоаме цахиларх.

Нохчийчуьрчу гуманитаран талламаш бечу центран куьйгалхо ву Эльсункаев Надирсолта.

Кхечу регионашка дарба лоьхуш адам арататтаделлачу хенахь, оцу цамгаро шен а бевза-безарш дIалахьийна дела, юьстах Iа а ца велла аравелира ша боху онкологи талла, зен.

Виротерапи олуш методика ю оха юхьарлаьцнарг.

Эльсункаев: «Со онкологин бала кхаьчна, оцу проблемина юкъа вахана 5-6 шо ду.

Телевизионехь мехкан куьйгалло нах кхечу гIаланашка дарба леха дIаоьхуш бу, цхьа некъаш леха деза вай аьлча, сайн дуккхаъчу дуьненаюкъарчу лоьрашца, Iилманчашца гергарлонаш, юкъаметтигаш йолу дела аравелира, хIун аьтто балур бара те соьга аьлла.

Виротерапи олуш методика ю оха юхьарлаьцнарг. 2004-чу шарахь лицензи а елла, Латвехь болх бан йолаелла виротерапин центр».

ЦIе ца йоккху лазарш даржаран коьрта бахьанаш девза онкологин талламхочунна Эльсункаев Надирсолтина.

Нохчийчуьрча зорбанаша дIахьеде терахьаш кхи а лаккхара хиларх а тешна ву иза, амма Соьлж-ГIаларчу онкологин диспансерехь дарба ца лоьхуш, кхечу оьрсийн гIаланашка адам лестар къобал ца до цо.

14 эзар стаг хилла ца Iа Нохчийчохь цIе ца йоккху цамгар хьакхаелла

Эльсункаев: «Официалехь дIакхайкхийна 14 эзар стаг хилла ца Iа тахана Нохчийчохь цIе ца йоккху цамгар хьакхаелла.

20 эзар а сов хир ву аьлла хета суна. ХIунда аьлча, дукхахберш махкал ара бевлла. Таро ерг Европе а вахана.

Амма цига дIалелар Нохчийчохь лоьраш, я оьшу хьелаш цахиларан бахьанашца ду аьлла ца хета суна.

Соьлж-гIалин онкологин диспансер Оьрсийчохь коьртаниг лара мегар дара, Москохара Герценан, Блохинан цIарах ерш ца йийцича. Масала, Израилехь, Европехь, Астраханехь, масанхьа пайдаоьцург цхьа хими ю».

Кху деношкахь ГIалгIайчуьрчу могушаллин министралло йолийна «Эшор ю рак» акци.

Цу боламан коьрта Iалашо ю цIе ца йоккху лазар ду дац бахархошлахь толлуш, зераш дIадахьар.

Медицинан говзанчаша олуш ду, онкологех стаг хьалхавала там бу, нагахь санна оцу лазаран билгалонаш хаа ма елли, дархо лоьрана тIе сихлахь.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG