ТIекхочийла долу линкаш

Украинаца а, Гуьржийчоьнца а виза йоцу раж юкъаяккха некъ карийна Евробартана


Украина -- Евробертан байракх ю Киевехь Украинин президентан администрацин гIишлонна хьалха, 2016

Европан Бертана юкъайогIучу пачхьалкхаша а, Европан Парламента а барт бина, Украиница а, Гуьржийчоьнца а виза йоцу раж юкъаяккха некъ карорца боьзна.

Европан кхеташонан президенто Калинак Роберта Еарин дийнахь (ГIура-бееттан 80чу дийнахь) дIахьедар дина шайна карийнарг нийса сацам бу аьлла.

Украинехь вехаш ву 45 миллион стаг, Гуьржийчохь – 5 миллион. Евробертан сацамо гIо дийр ду цу шина пачхьалкхан Iедалшна халачу реформех чекхбовла деза шайн бахархойн иза дан дезаш хиларх тешо.

XS
SM
MD
LG