ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Элдиева Марет. ТIаьххьара хIинца хьуо тIееъча  санна...


Autumn in Chechnya, 2015
Autumn in Chechnya, 2015

***

ТIаьххьара хIинца хьуо тIееъча санна,

Ма холча хIоьтти хьо, сан дашо гуьйре.

Со йоцуш еъча ахь дуьйцур-те хьанна,

Суна бен ца хезна хьайн сирла туьйра.

Хьанна ахь тIеделхор шелделла догIа,

Кхин юха хир доцуш и довха денош,

Хьанна хьо йоьлхур ю хьоькхуш мох-цIогIа,

Дашо гIаш сих дохуш лаьтта а Iенош…

Хьоьга хьан белхор бу шен беза бала?

Даггара, ца кхоьруш, шен дахар тешош…

Хьенан дог гIертар ю дешица кхала,

Мила ахь хьоьстур ву бIаьрхиш а лиэшош…

Стенна соь ца лало шелделча догIа?

ХIунда со халчохь ю барт хоттуш санна?

Тешам бовш дахарах шийла чурт доьгIна…

Сан синан лахьта … и ийши-те хьанна?

ХIунда со йоьлху-те дагардеш денош,

ТIаьххьара-х даций уьш сел шийла, мерза?...

Гуьйрема язъели-кх луьста гIаш Iенош…

Къиношна дазделла сан синан терза…

Шийлачу Iано хьан тIаьххьара са гIуорош,

Хьо а дIакхелхар ю, сан дашо гуьйре…

Суо юьсуш…хьо йоцуш… кхин тийсса са доцуш…

Суна а йогIур ю тIаьххьара суьйре…

ТIаьххьара хIинца хьуо тIееъча санна,

Ма холча хIоьтти хьо, сан дашо гуьйре.

Со йоцуш хьуо еъча ахь дуьйцур-те хьанна,

Суна бен ца хезна хьайн сирла туьйра.

XS
SM
MD
LG