ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Элдиева Марет. Зоьрталчу  дегIах  хIун  до  ахь...


please wait

No media source currently available

0:00 0:00:42 0:00
Линкана тIе

***

Зоьрталчу дегIах хIун до ахь,

Доьналла хьан сица дацахь.

Сирлачу бIаьрсих хIун до ахь,

БIаьрг тоха хьо ваьхьаш вацахь…

Ахчанах, бохчанах хIун до ахь,

Зудчунна тешаме вацахь.

Есачу сийлаллех хIун до ахь,

Яхьаца яьккхина яцахь…

Экамчу дахарах хIун до ахь,

Сийдолуш хьо вехаш вацахь…

Хержамех, лаамех хIун до ахь,

Харжа, я лаа стаг вацахь …

Дуьненан шорталлах хIун до ахь,

Хьайн кхерчахь дош лелаш вацахь…

Эхартах вилхина хIун до ахь

ДоIанашца. Велха юьхь яцахь.

XS
SM
MD
LG