ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Элдиева Марет. Даймахке кхойкху со...


Даймахке кхойкху со...

Гуьйренан дахкарлахь лиэшачу хьаннашка,

Кортош а лачкъийна лаьттачу лаьмнашка

Кхойкху со дехарца некъан лар лоьхуш…

«Со дийна ю, Даймохк!»- бохуш мохь хьоькхуш.

Аматаш лоьху ас, сайн дайна аматаш…

ГIалаташ дагардо, сайх дийлла гIалаташ…

Хиэбарийн хьаьркаша сибаташ дуьйцина …

ГIебаташ гулдина, доцург а дийцина …

Кешнашкахь лоьху ас сайн уьйрийн хIолламаш…

ТIегулбо лазамца чахчийна кхолламаш…

Къизалла яйинчохь ирсан лар лоьху…

Даьгначу синошлахь даккхийдер лоьху…

Туьнкалгаш лоьху ас дайн кхерчаш хиллачохь.

Дозалла лоьху ас эхь-бехк а дайначохь…

Даймехкан лазамца анайист хадош…

Сатийсам боьду сан синтем а багош…

Гуьйрено лиэшадо можа гIаш, догIа…?

Иэсо сан садууш хьоькху мохь-цIогIа …

Цкъа а ца хиллачохь йиллича санна…

ЭгIаза некъан лар йиллина цхьамма…

Гуьйренан дахкарлахь лиэшачу хьаннашка,

Кортош а лачкъийна лаьттачу лаьмнашка

Кхойкху со дехарца некъан лар лоьхуш…

«Со дийна ю, Даймохк!» – бохуш мохь хьоькхуш.

XS
SM
MD
LG