ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дакаев СаьIидбек. Лаьттар ю хIоккхахь...


Дакаев СаьIидбек

Лаьттар ю хIоккхахь...

Кхолламо готтачу

Дуьненан чухчаре хьийзош,

Йилбазийн пIелгаша

Ирйина ка-маIарш къийзош,

ДегIаха дIакъасто,

Йисина син-оьзиг ийзош,

Яьхнера Нохчийчоь

ТIехьдоцчу къиноша хьийзош.

Шалхонца кхийдачу

Шеконех синхьаам боцуш,

Лерг диллал тешамца

ЛадогIа цхьа кхане йоцуш,

Яхь йолчу дегIах чекх

Луурийн сагайтар доцуш,

Яьхнера Нохчийчоь

ТIекховда къинхетам боцуш.

Болатан тIум хилла,

Дахчинчу дегIан са детташ,

Дилхала йийшина,

ХьегIачу чевнийн даI Iеткъаш,

ХьогIан бIаьрг боьгIначийн

Сатийсам кагбина лаьтта,

Нох тассал - кхин доцу,

Турпалчу Даймехкан латта.

Малхбале, малхбузе,

Букъ сеттош, суждане хIуьтту,

Хьан сийдеш, дуьненан

Кийрара довха аз гIуьтту,

Къийсамийн аганахь

Къонахий кхиийна латта,

Хьан дегIан кхолламан

ДIадевлларш ца хилла атта.

Стигланийн шораллехь

Кхозучу хьан тхевнах летта,

Баланийн буйнара даьллачу

Сина ма-хетта,

Хьан ойла хьаьстина,

Лепар ду седарчийн бIаьргаш,

Лам-корта айбина,

Хьо маьрша хьоьжур ю цаьрга.

Зевнечу иллеша

КIажаршца дуьйцина кочар,

Хьакъдина, замано

Нохчийчоь даима хIоккхехь,

Лаьттина, лаьттар ю

Доьналлехь дуьненал йоккха...

XS
SM
MD
LG