ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бастрыкине латкъаман кехат яздина Джалалдиновс


Джалалдинов Рамазан.
Джалалдинов Рамазан.

Кадыров Рамзанна критика йиначу Кенхи эвларчу вахархочо Джалалдинов Рамазана латкъам бина Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре. Цунах лаьцна хаам бина «Дождь» телеканало.

Джалалдиновс таллам дIабахьар доьху Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь болх бечу шена кхерам тесначу белхахойн хьокъехь. Латкъамчо дийцарехь, и кхерам бахьана долуш дIаваха дезна цуьнан Нохчийн республикера.

ПIераскан дийнахь, Москох зорбанан конференцехь Джалалдиновс юха а дIахьедар дира, Нохчийчура Iедалш коррупци лелош ду аьлла.

Оьрсийчура бакъонашларъярхой дехар дан дагахь бу Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралле и стаг Iедалан цIарах ларвар хьокъехь. Царна хетарехь, Джалалдиновс хьехош болу нах цунна баккъалла а кхераме бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG