ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эккхийтар дарна бехке хила мега аьлла 13 стаг лаьцна Истанбулехь


Туркойчоь -- Лелхийтарш дина меттиг, Истанбул, ГIура-бутт, 10. 2016
Туркойчоь -- Лелхийтарш дина меттиг, Истанбул, ГIура-бутт, 10. 2016

Истанбулехь теракт ярна бехке хила мега аьлла шеко йолуш полицино лаьцна 13 стаг. Цунах лаьцна хаам бина Туркойчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Сойлу Сулеймана.

Шоьтан сарахь Истанбулехь дина ши эккхийтар. "Водафон-Арена" стадионна уллехь иккхина чу молха доьллина кечйина хилла машен. ТIаьхьо луларчу паркехь шен дегIаца йолу бомба эккхийтина вала араваьллачу стага.

Туркойчоьнан Iедалша бинчу хаамца, и тIелатар дарна жоьпалла шена тIе ца эцна цхьана а тобано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG