ТIекхочийла долу линкаш

Туркойчохь динчу терроран тохарехь вийначу 38 стагах кадам а беш, Кадыров Рамзана Хонкаре рогIехь дехна цигахь беха нохчий-«террорхой» шега дIабалар. Инстаграмехь оцу хьокъехь иштта яздина Кадыровс: «Нохчийчохь дуккха а терроран тохарш дина талорхой, уггаре кхераме зуламхой кхобу Туркочоьно. Царех цхьаберш лецна. И бандиташ Оьрсийчоьнан карабалар ас дуккхаза а дехна. Тахана юха а доьху».

XS
SM
MD
LG