ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша Нохчийчоьнан декъаэцар доьху Калининградерчу Нивенское юьрто


И дехар дахьийтина Кадыров Рамзане шайн юьртахь калий, магний доккху комбинат ярна дуьхьалбевллачу Багратионан кIоштарчу Нивенское юьртан бахархоша. Оьрсийчохь ву мел бохучу куьйгалхочуьнга, Кирилл-патриархан биста кхаччалц, аьрзнаш дина шаьш, амма стагга а вац хезаш, цундела «супер-турпалхочуьнга» доьху шаьш шайн юьрт Нохчийчоьнан декъаэцар, яздина протестхоша Кадыровга дахьийтинчу кехата тIехь.

«Нивенское юьртахь бахамаш болчу оха, 2000 сов вахархочо, террорца къовсам латто хууш волчу хьоьга доьху тхан юьрт Нохчийн Республикан долаяккхар а, юьртахь низам латтор а» - боху FlashNord агенталлехула даржийначу кехата тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG