ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнна тоьхна санкцеш кхин а дIаяхъян тарло


Оьрсийчоьнна тоьхна санкцеш кхин а дIаяхъян еза, Минскехь Украинан хьокъехь бина барт цо буьззина кхочуш ца бо, аьлла хета Германин канцлерна Меркел Ангелина. Оццу ойланца ву Францин президент Олланд Франсуа а.

Шинарийдийнахь шайн цхьаьнакхетар дерзош, журналисташна хьалха къамелдеш аьлла цара иза Берлинехь. Хаам баржийнарг ю «Немцойн тулгIе» радио.

Олланда бехкейира Оьрсийчоь цо Шемахь къизалла яржорна, Алеппо гIаларчу бахархошна тIе гуманитаран гIо ца кхачадайтарна. Оьрсийчоь IадIийнехь, Шемара режим тоххара йоьжна хир яра, элира Францин президенто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG