ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Амстердамо дIалуш ду Украинанa ГIирмера скифийн деши


ГIирмера, цунна Оьрсийчоьно аннекси ялле, 2014 шарахь нидерландхошна гайта Амстердамерчу археологин музей даьхьинера скифийн деши - йийбар, тарраш, коча ухку, куьйгех юхку мехала хIуманаш.

Амма оцу юкъанна ГIирма яьккхира Оьрсийчоьно. Киево хIеттехь дехнера Нидерландашка шайн пачхьалкхан хазанаш шайга юхаялар. Дехар листина Амстердамерчу кхело -сацамбина деши Украинана, иза цуьнан хилар бакъ а деш, дIадала.

Оьрсийчоьнан културан министралло и сацам "вон прецедент" ю, цо дуьненаюкъара низам талхадо, аьлла дIахьедина. Ткъа Кремлерчу музейн директоро Гагарина Еленас нийса бу аьлла Амстердамо бина сацам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG