ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн сий «дожийначу» журналистна - гIуда


Политикехь уггаре ницкъалчу губернаторийн могIарахь ларалучу Кадыров Рамзанан рейтинг ша деношкахь арахецначу артиклехь «йожорна» цуьнга къинтIеравалар дехна Къилбаседа Кавказерчу «Комсомольская Правда» газетан Ставрополерчу декъан коьртачу редактора Лаврухин Романа.

Газето лакккхарчу могIанера «охьа а ваьккхина», «дика рейтинг йолчу» губернаторийн декъехь яьккхинера Кадыровн цIе. Лаврухина дош делла гIалатваьллачу журналистна гIуданца таIзардан.

Политикехь губернаторийн ницкъ бустуш «Петарбухан политика» фондо ша 2016-чу шеран хьолах хIоттийначу рейтингехь «тоьллачу политикийн» могIара ваьккхира Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG