ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальный: Со президент хIоттахь...


Путина шегара Iедал харжамаш тIекхочуш «адамаш терра» дIахецахь, ша президент хIоьттича, цуьнан доьзална а, цунна а, кхерамзалла хуьлуьйтур ю ша, аьлла Навальный Алексейс Маршо Радиона ша еллачу интервьюхь.

Чайка а, и «санна болу зуламхой а лаьттар бу бакъ-кхелана хьалха», боху тIедогIучу шарахь президентан харжамашкахь пачхьалкхан лаккхара дарж къовса дагахь волчу оппозиционеро.

Ша оцу президентан гIента хаахь, Ураинаца юкъаметтигаш толур ю, Минскехь бина барт Оьрсийчоьно кхочуш а бийр бу, дуьнено цунна тоьхна лаьтта санкцеш юха а йохур ю, бохура Навальныйс.

Шен президентан компани дIаяхьа 1 миллиард сом гулдан ойла ю цуьнан, цо дийцарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG