ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема буьгучийн цхьа дакъа юхадалийна Моздокера


Оьрсийчоьно Соьлж-ГIалахь Шема хьовсо кеч а бина, новкъабаьхна хиллачу эскархойх доккхах дакъа юхадалийна махка. Оцу хьокъехь тоьшаллаш дахкийтина Маршо Радионе Нохчийчуьрчу хьостанаша.

Царех цхьаммо бина хIара хаам а. «Сан ваша Моздокера юхавеана, иштта цIабаьхкина цуьнан дукхахболу накъостий а, ткъа цхьа тоба Шема дIахьажо кхиина буьйранчаш», - боху ХангIалара Шема вига новкъаваьккхинчуьра цIавирзинчу эскархочун йишас.

Шема хьовсо нохчийн эскархой вовшахтухуш яьккхина видео яьржира кIира хьалха интернетехь. Цул тIаьхьа Кадыров Рамзана а, тIеман буьйранчаша а кеп-кепара дийцира эскархой Шема бигарх лаьцна.

Видео яккхарна бехке а вина, лаьцна 5 эскархо, Шема ваха дуьхьалваларна балхара вохийна 12. И нах махкахбохур бу аьлла Iедалхоша, дуьйцу хьостанаша.

Алеппо Асадан эскарша шайн долаерзоро а, ХангIалахь яьккхина видео нахала яларо а декхаредина Iедал шен Iалашонах юхадала аьлла хета Маршо Радион хьостанашна.

Официал ца хаийтина, эскархой Моздоке а кхачийна, цигара юхабалийнийла, иштта, хоуьйтуш дац, масса нохчо Шема дIахьажийна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG