ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицина герз а, наркотикаш а "йохкарна"


Ставропол-махкарчу Ессентукехь кхел йина меттигерчу а, Нохчийчуьра тIевеъначу шина вахархочунна. Тамхаев И., Яндырханов И. бехкевина полицино къайлаха тIехьажийначу нахана цара 14 тапча а, 9 граната а йохкарна.

Оцу шиннах цхьаьнгара мехах «эцна» хилла полицино 200 экстези-наркотикан буьртиг а, 10 грамм кокаин а, героин а. Шиммо а шаьш бехке а лоруш, яккхий хенаш йиттина царна, Ставропол-махкарчу прессо бечу хаамца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG