ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Буса хиллачу тIематасадаларо лецарш марсадохуш ду


Шоьтан буса 23 сахьт долуш Соьлж-ГIалахь полицица иккхинчу тIематасадаларца доьзна, тIелатархошца уьйрахь хилла хила тарлуш болу нах лохуш ду Нохчийчьура Iедал. Полицино ДАIИШ-ан къайлахчу тобанера бу тIемалой аьлла даржийна.

Лаца кхайкхийна 20-22 шераш долу Мамаев Истамул, Мажаев ИбрахIим, Минтаев Хаматхан.

Яржийначу информацино гайтарехь, шоьтан сарахь ГIалин массех маьIIехь бехачу полисхойн цIа а оьхуш, церан белхан герз шайн доладерзо гIиртина кегийнах.

Цул тIаьхьа полицигара яьккхинчу Приори тIехь (Х 077 СТ 95) дIабоьлху уьш сацо гIоьртина некъан ха. Цхьана полисхочунна машен тIе а тухуш, кIелхьара бовла гIоьртинчарна тIе масатоьпаш йиттина Iедалхоша.

Байинчийн цIерш а йовзийтина полицино: Ильясов Мохьмад, Альтемиров Ислам, Исмаилов Сайд-ИбрахIим . Лазийна лаьцна Юсупов Асхьаб. Цаьрца хилла 18 шо долу Ш. Мадина а, кхин а цхьа жимастаг а.

Нохчийчуьра кхочучу хаамашца, яхначу буса дуккха а нах, байинчийн гергарнаш а, уьш бевзаш хилларш а, бу полице а балош, лебеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG