ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс йирзина лору Соьлж-ГIалара тIеман операци


Дахначу шоьтан, кIирандийнан полисхошца хиллачу тIеман кхийсаршкахь дакъалаьцначу гIаттамхойн цIераш Iораяьхна. Уьш бу Старопромыслан кIоштахь байина Мажаев ИбрахIим, Мамаев Хаматхан, Мамаев Истамул, Акрашев Ахьмад. Шоьтан буса вийна Исмаилов Сайд-ИбрахIим оцу тобан куьйгаллехь хилла лору.

Шина дийнахь вийнарг 7 тIемало ву, лаьцна 4, царех 3 чевнашца ву. Иштта вийна тIеман тасадаларшкахь 4 полисхо, цхьаъ лазийна.

Инстаграмерчу шен агIонтIехь Кадыров Рамзана Соьлж-ГIалахь лерина операци йирзина хилар а хоуьйтуш, баркалла кхайкхийна операцехь дакъалаьцначу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхалошна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG