Шелковск кIоштарчу Червленера школан историн хьехархочо Вахабова Мадинас шен дешархошна хьехарехь педагогикан тIеIаткъам барца дечиган гIаж лелош хилла классехь. Эххар а цхьана дешархочун куьйгах гIаж йиттина, чов йина хилла хьехархочо.
Беран дас-нанас прокуратуре арз даран хьокъехь, талламаш дIабаьхьначул тIаьхьа, бехктакхаме гIуллакх айдина хьехархочунна дуьхьал.