ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIаттамхойн гергарнаш лаьцна кхобу Нохчийчоьнан Iедало


Мукъаденошкахь Соьлж-ГIалахь тIелатар динчийн гергарнаш лецнера полисхоша. Царех цхьаберш мукъабаьхна, дукхахберш хIинца а Iедалан карахь бу. Байинчу гIаттамхойн декъий дIадохкийта пурба а ца делла мехкан куьйгалло. И хаам Iорабаьккхина чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин векало.

ГIаттамхойн гергарнаш полицино дIалецна хилар чIагIдина махкарчу бакъонашларъярхочо Саратова Хедас а. Меттигерчу бахархоша даредарца, байинчийн гергарнаш дIалецна ца Iаш, йийсаре эцна беллачаьрца уьйрашкахь-зIенашкахь хилла бевза-безарш а.

4 шо хьалха Нохчийчоьнан Динан урхалло сацам тIеэцна, тIематасадаларшкахь дакъалаьцна гIаттамхой Исламо ма хьоьхху, кешнашкахь дIабохкар доьхкуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG