ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берлинехь 12 стаг вийна, иттанашкахь бу лазийнарш


Керлачу шарна лерина Берлинехь хIоттийначу базарахь 12 стаг вуьйш, иттанашна чевнаш а еш, зулам дина йоккха кир лелон машен адамашна юккъе а хаьхкина оршотан суьйранна аьлла, хаамбо Берлинан полицино. Зуламе инцидент теракт санна толлуш ю полисхоша. Iедал тешна ду, машен лелочо, леррина, ша хIун до а хууш гулбеллачарна тIе машен хехкина хиларх.

Зуламна бехкениг лаьцна ву. DPA хаамийн агенталло дIахьедарехь, машенлелорхо ОвхIанистанера я Пакистанера схьавеана Германи мухIажир санна. Машенчохь кхин цхьаъ хилла цуьнца, я хьалхе вийна хиллехь а, я оцу хиламехь кхелхинехь а.

Полицин хаамашца, Полшин вахархо ву иза. TVN 24 Полшин телекомпанино даредо, кир лелон машен полшхойн транспортан компанин долара хилар. Полици тешна ю, и машен лачкъийна йигина хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG