ТIекхочийла долу линкаш

ТIехьа-Мартанарчу Котар-Юьртара 11 шо долчу йоIа ша шена тIе куьйг даьхьна. Ша ялале кехат дитина цо гергарчарна, шена гечдар доьхуш. Талламо билгалдаккхарца, да-нана къаьстина хиларна, шен жимахволчу шина вешица а, деца а, дененаца а ехаш хилла иза.

Нохчийчоьнан прокуратуран прессано дийцарехь, йоьIан гергарчара а, доттагIаша а, цхьана доьшуш хиллачара а чIагIдарца, тIаьххьарчу хенахь йоьIан психикехь хийцамаш хилла. Амма цхьаммо а тидаме оьцуш ца хилла йоIера хьал.

Цул совнаха, ехха хан а хилла йоI школе ца оьху.

XS
SM
MD
LG