Тахана тамаше дац я стагга а цец а валац, воьду-вогIург а, тIехIоьттинарг а, я юххехула тIехволу бехкениг а ца гуш, «бIаьрзе а, къора а» хилла кхиазхой, кегийрхой телпонаш чохь бахкар.
Божаберел каде хьийзахь бен, цуьрриг тIаьхьадуьсуш дац зудабераш а. «Хьенех, минех и телпонаш охкуш, кегош ханна-м токхура аша дукхе дукха, хIун хии шуна керла, пайдехьа?
Цу а, кхечу а хеттаршна, хуьлда иза кIант я йоI, церан хьуна дала жоп а ца хуьлу. Ца хуьлу телпош чохь цара лоьхург а, уьш хьоьжург а лартIа а, оьзда а доццург долу дела».
Герггарчу барамехь, ишта къамелаш хазадо ишколашкахь, и телпонаш бахьнехь дешархошца тIом баллочу хьехархоша.
Шелковск кIоштехь берийн цIийнехь хьехамча болх беш ю Сацита. Цо дийцарехь, цIеранаш юьхьIаьржа а хIиттош, дукха зудабераш ду телпонаш чухула дийцина оьзда доцу къамел бахьнехь нахала девлла.
Сацита: «И телпонаш бахьана долуш хийла зудабераш ду –кх нахала девлла. Цу чухула ца дийцича а мега дерг дукха дуьйцу. Къаьхьде ду ур-аттал ишколашкахь а. Божабераш-м хьала а, охьа а дара, хIинца царна тIе мехкарий а кхетта»
Бахархоша къаро ярца нохчашлахь кIезиг масалш дац марехь болчу зударша а телпонаш чухула эвхьазалла яржош, дебош жигара дакъалацуш хилар.
Цу хьокъехь шена тусаделлачух дуьйцуш ю Соьлжа- гIалина юххерчу эвлара Марха.
Марха: «Тхан юьртахь и телпо бахьнехь кхаа берах а йоккхуш зуда йитина. ДIа ладоьгIча цо лартIа доцу хIумнаш лелийна хилла зIенехула, ша жеро йолу сурт а хIиттош, хаамаш дIасакхоьхьуьйтуш. Цхьаъ и ду хьуна.
Тхуна юххерчу цхьана зудчо а левеш лелийна цхьа кIант, ша марехь яц а бохуш. Мацца а цкъа и кIант веъна и ехачу ураме. Цо цхьа зуда саца а йой, дехар до, йоI ган веънера ша, аракхайкхахьара ахь цуьнга. И бохург хIун ду, и хIун къамел ду!
Иза-м сан вешин кIантехь марехь зуда ма ю! Цу диннехь йита а юьтий, дIайохуьйту иза а.
Ишта масалш дийцина ца валлал кегийрхошна юкъахь шортта ду. Юьхь а ца гойтуш даьхна и оьзда доцу суьрташ вуно дукха ду мехкарша дIасадаржийна.
Цу божаберашна тIехула а лелхаш ду-кх и зудабераш. Цхьа вон лазар санна даьржаш-м ду».
Цхьаболчарна хетарехь, вайнехан юкъараллехь цхьа могIарера, массо вола а воьлла, тидаме эца хьашто йоцчу гIуллакхах тера дуьсур долуш хIума ду тайп-тайпанчу зIенашкахула яржош йолу эвхьазаллаш, оьзда доцу къамелаш.
Ма-дарра аьлча эвхьазаллин агIончаш, ира, хаза боцу мотт лебарехь хIайттархой кегийнаш хилла а ца Iа.
КIезиг масалш дац телпон зIенан «Ватсап» чухула масала, баккхийчу зударша а тIехь, дена-нанна а бохуш, боьха мотт лебеш, ша-ша «онда, зевне, маьIне» дешнаш каро а гIерташ, жимма оза а ца луш, урх хецца юкъаметтигаш къестийна.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832