ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу хьолах дийцарш дIадаьхьна Москох


Орьсийчоьнан, Туркойчоьнан, ГIажарийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраша Шемарчу хьолах дийцарш дIадаьхьна шинарийдийнахь Москох. Цхьанакхетар нисделла Анкарахь оьрсийн векал Карлов Андрей вийначу шолгIачу дийнахь. Дийцарш дуьйладалале Оьрсийчоьнан министран Лавров Сергейн къамел хилла Туркойчуьрчу Чавушоглу Мевлютца.

Брифингехь Лавровс дIахаийтира Шемарчу политикан процессех долчу дIахьедарх шаьш вовшашца дагадевлла хилар. Цунна хетарехь, дийцарийн декъашхой юкъара бу, Шемахь хIоьттина кризис ерзорехь тIеман сацам хьалхабаккха безаш цахиларна.

Лавровс кхойкху пачхьалкхан суверенитет, дозанаш, мехкан цхьаалла а ларъяре. Оршотдийнахь Анкарахь «Оьрсийчоь туркойн бIаьргашчухула» аьллачу суьртийн гайтамехь вийна оьрсийн Туркойчуьра векал Карлов Андрей. ТIелатар динарг ву 22 шо долу туркойн хилла полисхо.

Оьрсийн-туркойн юкъаметтигашна а, Шемара хьал машарца дерзорехь а новкъарло ярхьама эккхийтина питана ду аьлла хилларг президенто Путин Владимира. Чавушоглу Мевлюта дийцаршкахь дIахьедина, доллу гIора тIехьажор ду Анкарас, оьрсийн векал вейтинарг карорхьама аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG