ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Меркел: "Берлинехь хилларг теракт ду..."


12 стаг вийна, 50 гергга стаг лазийна оршот сарахь Берлинерчу Iиса пайхамар винчу денна леринчу ярмаркехь нахана тIе машен тоьхначу террорхочо. Зуламхочух хууш цкъачунна кIеззиг хIума ду.

Ши стаг хилла оршот сарахь немцойн коьртачу шахьарарчу ярмаркехь гулбеллачу нахана тIе тоьхначу кир лелочу машен чохь.

Карарчу сохьтехь Iедалхошна гучудалца, царех цхьаъ машенан долахо хилла, Полшин вахархо волу.

Ткъа шозлагIниг – зуламхо. Немцойн полицино къастийна ма -хиллара, машенан долахо терроран тIелатар дечу мIаьргонашкахь велла хилла – иза цуьнан машен шен долаяьккхархьама талорхочо цкъа хьалха вийна хиллачух тера ду.

ТIелатар Берлинан уггаре а дукха нах, къаьстина туристаш дIасалелачу кIоштахь хилла, цIеяххана йолчу Гедехтнискирхе, нохчийн маттахь аьлча, дагалецаман килс долчу майданахь хIоьттинчу Iиса пайхамар винчу денна леринчу ярмаркехь.

И ярмаркаш Европехь хIора шарахь хIора а йоккха а, жима а гIалин юккъехь хIуьттуш ю. Сарахь балхара бевлча цига хIоттар, цигахь довха чагIар я алкогол тоьхна йоцу пунш малар а, цигахь марзолгаш я цхьацца совгIаташна лерина йолу куьйга йина хIуьц-пуьцолгаш эцар меттигерчу бахархойн бIеннаш шерашкара схьадогIуш Iадат ду.

Туристаш а, дуккхаъ бераш а хуьлу цу меттехь, ярмаркашкахь тайп-тайпана хахвала меттигаш а, каруселаш а хиларна гуллой. Цундела, кхеташ ду, террорхочо шен зулам лерина и хууш динийла.

Ала догIу, тIелатар хиллачул тIаьхьа хьалхарчу сахьтанашкахь Германера Iедалхой сих ца лора, хилларг теракт ю ала, билгал а полисхой шайн дуьххьара талламаш бина бовллалца нахалахь кхерар а, паника а ца кхолла.

Амма шинари Iуьйранна журналисташна дуьхьал хIоьттинчу немцойн канцлеро Меркел Ангелас дIахьедар дира, Берлинера бохам цкъачунна йолчу информацица террорхочуьн тIелатар долчух тера ду аьлла.

Меркел: „Цкъачунна дукха хIума ца хаа вайна хиллачух билгал ала йиш йолуш. Амма йолчу информацица, иза террорхочуьн тIелатар хиларна къера хила деза вай.

Суна хаа, вайна массарна къаьстина хала хир ду и хIума лан, нагахь санна и динарг вайн махкахь кхерамазалла а, тховкIело а ехнарг хиллийла гучудалахь. Къаьстина маьттаза хир дара иза дуккхе-дукхачу вайн махкахошна хьалха, хIора дийнахь мухIажаршна гIо деш шайн ницкъ ца кхоош болчу.

Ткъа иштта вайгара боккъал а гIо оьшуш вай долчу баьхкинчу нахана хьалха а“.

12 стаг а вуьш, 50 герга лаза а везаш Берлинехь бохам баьккхина волчу стагах цкъачунна билгал хууш хIума дац ала мегар ду. Шинари Iуьйранна Берлинерчу полицин векалша дIахьедар дира, и стаг 23 шо долу ОвхIанера я Пакистанера орамаш долу мухIажар ву, шо хьалха Германехь тховкIело ехна волу, аьлла.

Иза цхьана меттигерчу мухIажарийн юкъараIойлахь полисхоша схьа а лаьцна, аьлла. Амма масех сахьт даьлча керла хаам баьржира, Iедалхоша лаьцнарг кхин стаг хила там бу, ткъа террорхо хIинца а маьрша волчух тера ду, аьлла.

Террорхочуьнгахь герз хила а там бу, иза вуно кхераме а ву аьлла информаци яржийра цу хьокъехь немцойн тIеIаткъамечу Ди Велт газетано.

Нагахь санна, немцойн полици ямартхо мила ву цкъачунна хууш а йоцуш, иза сихъелла лохуш елахь, Австрерчу булвара газетанашна куьгбехкенарг нохчи хила везий хуучух тера ду.

Мухха делахь а, цу махкахь мехаза доькъуш долчу „можа пресса“ шайх олучу шина газетано шайн артиклашкахь хьахийна, кир лело машенца терроран тIелатар динарг нохчо волчух тера ду, аьлла. Царех цхьаммо и шайн чIагIдар „немцойн хаамийн гIирсаша дийцарехь“ аьлла зорбане даьккхина, цхьанна а немцойн хаамийн гIирсо и саннарг хьахийна а доцушехь.

ХIинца Австрера нохчийн диапорин векалш цу газетина дуьхьал юристийн гIулчаш яха дагахь бу.

Европера ярмаркаш туристашлахь а, ткъа иштта Малхбузехь бехачу вайнахалахь а дукхаезаш хиларна, цига нохчий а шайн берашца кест-кеста боьлхуш хиларна, вайнехан цхьа а вуй-те лазийначарна я байъинчарна юккъехь бохург теллира Маршо радионо. Берлинерчу нохчийн диаспорин векал волчу Докудаев Ахьмада иза дацаре дира.

Докудаев: „Цигахь хилларг хазнехасанна хьашт доцург ду. Бехк боцу нах байъина цигахь, лаза а бина. Делан къинхетамца, вайн махкахойх цхьа а цигахь нисвелла аьлла цкъачунна хаам кхаьчна бац вайга“.

Цу юкъана цхьа могIа Европерчу пачхьалкхашкахь хилларг бахьана долуш кхерамазаллин гIулчаш лакхаяьхна Iедало. Германехь а, Австрехь а, Францехь а, Белгехь а кхин а алсамох полисхой бу коьрта майданаш а, нах гулло меттигаш а ларйан арабаьхна.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG