Нохчийчуьрчу Iедална тIедожийна Шемарчу тIаме хьажо кхи а ши батальон вовшахтохар. «Новая газета» арахецаро бина и хаам. ХIора дакъошкахь 600 стаг хила веза. Оцу Iалашонан коьртехь ву, газетано чIагIдарехь, Думан депутат Делимханов Адам.
Масех бутт бу батальонашка эскархой дIалехьон. Цуьнца догIуш мехкан кIоштийн полисхойн декъашкахь кхуллуш ю лерина тобанаш. Билгалдоккху, кхуллучу батальонашка Iедало дIаийзабо «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобанашкахь Шемахь тIемаш бечийн гергарнаш а.
Шема кечъечу батальонан хьалханча хила тарло Донбассехь сепаратисташца украинхошна дуьхьал тIемаш бина Болотханов Апти.