ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин Нобелан лауреат хьалхатетина


РИА Новости агенталло яздарехь, францхойн «Политикан, къаьмнийн юкъаметтигийн» центран куьйгалхочо Боссар Фабьена официалехь Нобелан премин кандидат веш хьалхатеттина Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир.

Нобелан комитете дахьийтинчу кехататIехь политолога яздо, Путин хьакъ ву оцу совгIатан да хила машар латторехь ницкъ ца кхоорна. Боссар тешна ву, кхиболу политикаш а, эксперташ а тIетовр хиларх шен кандидатурина.

Кху шарахь Нобелан премин совгIат дира Колумбин президентна Сантос Хуан Мануэлна, 50 шарахь лаьттина тIом берзорехь хадам боллуш къахьегарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG