ТIекхочийла долу линкаш

Францерчу политолого Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна Нобелан машаран совгIат дала деза аьлла бохуш чIагIдо оьрсийн хаамийн гIирсаша.

Путин Владимир тIедогIучу шарахь машаран Нобел совгIат догIучийн могIаршка теттина Францерчу политолого Боссар Фабьена – иштта ду шинари дийнахь дуьйна оьрсийн хаамийн гIирсаша боккха кхаъ санна даржош долу коста.

Францерчу Францс Пресса агеталлина тIе а тевжаш, Кремлана муьтIахьчу газеташа а, интернет-сайташа а дуьйцу, цу стага аьлла бохуш дерш.

Масала, иштта ю цуьнан къамелера цхьа цитата: „Ас официале хьалхатеттина Путинан кандидатура, Нобелан комитете кехат а яздина. Ас цаьрга хаийтинарг ду, сайна хетарехь, Путин и совгIат дала хьакъ ву цуьнан дуьненчохь машарлатторехь болчу къинхьегамна“.

Политологна хетарехь, Шемарчу тIамехь Оьрсийчоьнан куьйгалхочо шен эскаршка дакъалацийтаро новкъарло ян ца еза Нобел совгIатан жюрина, хIунда аьлча, масех шо хьалха Цхьаьнатоьхначу Штатийна президентана Обама Баракъна а делира и совгIат, цуьнан эскарш Иракъерчу тIамехь долшехь.

„Со тешна ву, Путинан и совгIат догIуш хиларх. Иза цхьаъ бен вац бакъдолчехь терроризмаца къийсам латтош“, аьлла бохуш дахкадо хаамийн гIирсаша Боссаран дешнаш.

Цкъа дуьххьар хезча Оьрсийчоьнан президентах а, тIаьхьарчу шерашкахь дуккхаъчу тергамхоша ирчу критике беш болу Нобелан комитето шайн премин лауреаташ харжарх а кхардам санна дека и дешнаш.

Хетало, иза цу вуьйцуш волчу политолого кху деношкахь оьрсийн эскарша Асадан режимаца цхьаьна Шемарчу Алеппохь маьршачу нахана ницкъ бар емал деш, цу хIуманна сатирике хьежар гайта лууш, нахана дуьненан политикехь мел маьттаза шалхенаш лела бохучунна тIе тидам бахийта гIерташ дина дIахьедар долуш санна.

ХIунда аьлча, Малхбузерчу хаамийн гIирсашкахь кест-кеста нисло и санна долу хIума- бакъдерг нийса дIадийцарх хийцамаш хиларх ца тешачу цхьаццаболчара пайда оьцу сатирин гIирсех а, кхардархь а, шаьш цхьа нийсадоцучу хIуманна тIе тидам бахийта лууш хилча.

Амма, хетарехь, Боссар Фабьен, политолог я цхьа тидаме эццал цIе йолуш аналист санна Европехь цхьанна а вевзаш воцу, забар еш вац.

Иза мила ву талла гIоьртича, гучудолу и стаг тIаьхьарчу масех шарахь дуккхаъ хан Оьрсийчохь йоккхуш а, Кремлан леламаш бакъбарехь къахьоьгуш а хилар.

Нагахь санна ингалс мотт я немцойн мотт лелачу Европин пачхьалкхашкахь цуьнан маргиналечу жигараллах девзаш хIума дацахь, шен Даймахкахь Францехь мелла а информаци карйо цунах лаьцна, доккхачу декъехь меттигерчу журналисташа иза бегвохуш гойтуш йолу.

Ткъа цуьнан шен веб-сайт а ю, тIехьажарехь, вуно ладамза йина йолу, еккъа цуьнан Оьрсийчоьнан куьйгаллина муьтIахьло гойтучу жигараллех юьзна.

Францехь вехачу нохчийн историко Вачагаев Майрбека а тергалйо ша шех политолог олучу Боссар Фабьен и жигаралла. Цо иштта дийцира Маршо радионе Путинна Нобел совгIат дала деза аьллачу стагах лаьцна.

Вачагаев: „Иза Францехь цIе яьккхича цхьанна а я политолог санна а, я политик санна а вевзаш, мила ву хууш стаг вац я политикехь болчарна а, я журналисташна а. Иза Францехь хилар бен, цхьа а бух болуш я цо лелош дерг нахана дош хеташ стаг а вац иза.

Схьагарехь иза а, иза санна болу нах а тIаьхьарчу шерашкахь Оьрсийчоьно кечбина, арахецна болчух тера ду.

Иза бохург дац сан, цунна оьрсаша ахча ло бохург, хила там бу иза оьрсех тешаш лелаш хила а. Амма гарехь Францин гIулкхана пIелгах пIелг тоьхна хIума деш вац иза, оьрсийн гIуллакхна лелаш стаг ву“.

Ала догIу, хIинца Францехь и цхьа Боссар Фабьен хилла ца Iа, Путин а, цуьнан го а даима а меттигерчу юкъараллашна хьалха бакъбеш, церан леламаш кIелхьарабаха гIерташ а къахьоьгуш.

И тайпа нах, доккхачу декъехь а аьрро-радикалерчу гонашкара, я, мелхо а, аьтто-радикалерчу гонашкара хуьлуш бу. Германехь царна тиллина лерина цIе а ю „Putinversteher“, нохчийн маттахь аьлча, „Путинах дика кхеташберш“ аьлла.

Иштта, кху деношкахь Москоха а яхана, цигарчу „Цхьаалле Оьрсийчоь“ партин векалшца цхьаьна а кхетна, Кремлана хьалха селфиш а дина цIабирзина Австрерчу аьтто-радикалечу Маршонан партин векалш.

Шайна юккъехь хIара бутт бовш президентийн харжамашкахь эшна волу Хофер Норберт а, меттигерчу националистийн партин куьйгалхо Штрахе Ханс-Кристиан а цхьана а волуш.

Путино ша и тоба я тIе а ца эцнехь а, я тергал а ца йинехь, амма Кремлан бертехь шайга сурт даккхийтар а деза хетачу цара меттигерчу хаамийн гIирсашкахь шаьш Оьрсийчоьнца цхьаьнаболхбарах берташ бина бохуш дуьйцу.

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG