ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пригороднерчу бахархоша махкахбахар доьху Бахарчиевн гергарнаш


Грозненск кIоштарчу Пригородное юьртарчу бахархойн гулам хилла мехкан куьйгалхочун гIовсаца а, Динан урхаллин векалшца а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахошца а цхьаьна а кхетта. Бахархоша тIедожийна 17-18-чу а деношкахь Соьлж-ГIалахь тIелатарш вовшахтохарна полицино бехкевечу Бахарчиев Зелимханан гергарнаш махках бахар.

Меттигерчу Iедалца йозуш йоцчу юкъараллан куьйгалхочо «Кавказан узел» агенталле бинчу хаамашца, гулам Iедало ша хIоттийна хила тарло, бахархойн оьгIазло бахьанехь низамаш хьоьшуш таIзаран некъаш леха декхарехилира шаьш ала.

Пригороднера бахархойн гулам меттигерчу телевизионехь гайтина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG