ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Анкарахь оьрсийн векал вер толлуш бу оьрсийн, туркойн векалш


Оьрсийчоьнан Туркойчуьра векал Карлов Андрейн вер толлу бу туркойн, оьрсийн талламчаш. Зулам динчун мобилан телефончуьра хаамаш схьаэцарехь болх дIахьо кху муьрехь талламчаша. Hurriyet газетан хаамашца, талламчаш тIаьхьакхиа гIерта, хьан кхачийна векал вийначу Алтынташ Мевлюте суьртийн гайтам дIахьош хиларх, цигахь Карловс дакъалоцург хиларх а информаци.

Оршотдийнахь Анкарахь суьртийн гайтамехь дош олучу хенахь вийна Карлов Андрей.

Туркойчохь Iедал карчон гIортарна бехкевина балхара дIаваьккхинчу полисхочо вийна Оьрсийчоьнан Туркойчуьра векал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG