Шина суьйра юкъахь, оьрсийн маттахь Пригородный а олу цуьнах, дIадаханчу дийнахь эвла юккъахь, маьждиган уллехь гулбелла дукха нах бара.
Эскарехь санна биъкIов могIарш а дина, дIахIиттинера нах. Юккъахь йолчу жимчу майданехь лаьттара 4-5 стаг. Уьш меттигера бахархой БахарчиевгIар бу.
Царна бехке дуьллу, церан кIанта Бахарчиев Зеламхас омра а дина, дIадаханчу мукъаденошкахь меттигера кегирхойн тоба полисхошна тIелатар.
Цундела уьш емалбан схьагулбинера юьртахой. Цига схьабаьхкина бара республикан лаккхара даржхой.
Цара а, вукхара а сацам бира БахарчиевгIеран юьртахь хьов, Нохчийчохь а баха хьакъ долуш бац аьлла.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьехамчас Хийтанаев Мохьмада неIалт кхайкхийра Шема ваханчуьнан гергарчарна. Кхечеран кхин дан хIума ца дисира, цо бохучунна тIетар бен.
Бахарчиев Зеламха 26 шо долу жима стаг Шема дIавахана цхьа шо-ши шо хан ю. Цуьнца шичалла, маьхчалла дерг ву оцу майдане а кхайкхина сийсаза винарг.
И гулам дIа ма бирззинехь, БахарчиевгIеран и божарий шайца дIабигира Iедалхоша. Сарахь цIа бахкийтира. Схьагарехь махках бовла цара кечам беш хир бу.
Меттигерачу телехьожийлехь гайтинчу оцу видеокийсакехь журналиста элира, Нохчийчоьнан Iедало накъосталла а деш, чIираш дIайохуш ю, амма кхузахь оцу нахана чIира дIакхайкхича, цунна юккъахIоттахь тамаш бу Iедалан диндай, аьлла.
Юкъаралхочунна Апаев Асланбекна ца хета, иштта шуьйра даржа а деш, баккхий а, кегий а; церан бекх буй-баций а ца хьоьжуш нах сийсазбан безара аьлла. Юкъахь гамо кхуллуш хIума хета цунна иза.
Апаев: «Суна нийса ца хета нах маьждигна хьалха а балийна, уьш махках баха беза боху къамелаш. Юьртахь гамо ма хуьлу цуьнах. ТIаккха махкахь а даьржа иза - массанхьа ма бу гергара нах. Цхьа миска нах а бу схьагойтуш берш».
Иштта хета Грозный кIоштера вахархочунна Межидов Рамзанна а. Иза теша, бехк боцуш стагана зен-зулам диначарна шайна иза дуьхьал доьрзург хиларна.
Межидов: «Билгал оцу нехан бехк буй теша аьлла хета суна, махкахь баххал. Цхьана а нанас а, дас а, вониг дан Iамош ма дац шайн бераш. Къасто деза церан бехк буй-баций».
ЧIирш Нохчийчохь дIайохуш, массийта шо хьалха болх болийра Нохчийчуьрчу Iедалша.
Лаахь а, ца лаахь а, дагIахь а, ца дагIахь а дуккха а доьзалшна юккъахь маслаIат дира.
ХIинца, чIирш кхайкхо еза бохуш дийцаро цакхетамехь буьту нах.
Соьлж-ГIалахь полисхошна тIелатар а дина, байиначарна юккъера цхьана кIентан да а ву тIемалошца тIом беш вийна.
Цуьнан доьзална догIий-те и таIзар, хууш дац.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832