ТIекхочийла долу линкаш

Венерчу кхелехь еарийн дийнахь дов хоттуш дара яханчу бIаьста нохчийн кегирхошна арсаш диттинчу овхIанхошка. Куьгбехкечарна шина шарера пхеа шаре кхаччалца хенаш тоха мегаш йолу процесс кхин цкъа а дIататта дийзира кхелахойн.

Кху шеран Зазадоккху беттан 5-чохь хилира йоллучу Австрехь а вуно йоккха IалагIож яьккхина овхIанхойн, нохчийн кегирхошна юккъехь латарш.

ХIетахь 50 герга овхIанхоша арсашца а, эчигашца а чIагIбелла, кIело йинера ткъех нохчийн кхиазхошна, мукъа деношкахь берашна хан яккха Iедало йинчу кегирхойн Бейс -20 центрехь суьйре а яьккхина, цIабаха арабевллачу.

Венерчу Ханделскай цIе йолчу метро берте уьш кхочучу хенахь тIехьашха царна тIелатар динчу овхIанхоша шайн кадаьл-даьллачу арсаш а, гIожмаш а, эчигаш а йиттинера, массо а агIор тIехьоьжуш видеокамераш а йолуш, уьш дIасакъастон тIебетталуш Бейс-20 центран социалан белхахой а болуш.

Цу латарийн жамIанца, кхаа нохчийн кхиазхочунна валаран-висаран зил тIе валош йолу дера чевнаш йира, кхин а масехна яй чевнаш хилира.

Хье ца луш латарш хиллачу метте кхаьчначу полисхоша шаьш тIекхачале дIасабовда кхиина болчу овхIанхойх цхьаберш метрона гена доцучу урамашкахь лийцинера, вуьш берш цул тIаьхьа талламийн лорах лийцинера.

Меттигерчу юкъараллехь вуно йоккха гIовгIа яьккхира цу хиламо. Бакъдолчехь нохчийн кхиазхой цхьанна хIуманна бехк-гуьнахь а боцуш, овхIанхойх цхьаннан Фейсбукехь цхьана нохчочуьнца дов далар бахьана долуш, беккъа цIена нохчийн къомах хIорш хиларна кIело а йина.

Еттаран закъалташ хиллехь а, амма хаамийн гIирсашкахь „нохчийн, овхIанхойн кхиазхойн бандийн тIом“ санна дийцира хилларг, цхьаццаболчара ур-атталла цара къуьйсуш хилларг наркотикаш йохкарх йолуш йолу са ю бохуш, шайгара хIумнаш а кхуллуш.

Хилларг талла Венерчу полицино гIодан вуно дукха видеоматериалаш а, цу меттигана уллохь цIерпошта вокзал хиларна цигахь маьI-маьIнехь кхозучу камершна чуьра схьаэцна йолу, ткъа иштта шортта тешаш хиллехь, хIетте кху гуралца бахбелира таллам, и гIуллакх кхеле ца долуш.

Ткъа ГIадужу баттахь эххар а йолаелла хилла овхIанхошна тIехь процесс еари дийнахь кхин дIа а яьхьира Венерчу кхело.

10 овхIанхо а, цхьа суданхо а ву бехкебечеран гIенташкахь Iаш. Церан 16 шерашна тIера 22 шераш кхаччалца хенаш ю. Уьш бехке беш бу ницкъ барна а, юкъараллина кхераме хиларна а.

Цул совнаха, арсаш билгал диттина хиларехь гучуваьллачу кхаа овхIанхочунна бехке дуьллуш ду, цара леринчу Iалашонца еза чевнаш йина хилар.

Шина шарера пхеа шаре кхаччалца хенаш тоха йиш ю царна, амма хIинцале а кхеташ ду оццал хенаш царна тухур йоцийла, цкъа делахь, цара чевнаш йиначарна гIоле яьлла хиларна, ткъа шозлагIа делахь, царех дукхахберш хIицна а 18 шо кхачанза болун дена.

Бакъду, овхIанхоша дера чевнаш йинчу нохчийн кхиазхойн гергарниш реза бац талорхой иштта атта шаьш динчунах кIелхьарабовла там хиларна. Шайн кадаьллехь и бераш даъйа а Iалашонца диттинера цара нохчийн кхиазхошна арсаш, боху лазийначех цхьаннан нана Саламова Сацитас, цундела царна деш долу таIзар а и хIума тидаме оьцуш хила деза аьлла хета цунна.

Саламова: „Схьагучу суьртаца, вайн берашца узуш хIуммаъ дац цу кхелехь. Адвокато дийцира тхоьга, вай кегирхой цигахь шеконе лаьцна бу харц тоьшаллаш дина аьлла.

Амма харц тоьшаллаш цара дойла дац, кхарна схьадиттина ма дуй и арсаш. Суна, нанна санна лууш дерг ду, цу талорхошна царна дан хьакъ долу таIзар дар. Цара вайн берашна динарг жима хIума дац, шайга байъа беллехь байъа а дагахь ма диттина цара и арсаш“.

Цу юкъана Венерчу кхелан еарийн дийнахь аьтто ца белира, бехкебечу овхIанхошна хенаш кхайкхо.

Цхьа могIа тешаш процессе ца бахкар бахьана долуш а, ткъа баьхкинчех цхьаболчара шайна хIуммаъ дага ца догIу аьлла керисталла дар бахьана долуш а кхин цкъа а дIататта дийзира и процесс.

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG