ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алеппо Асадан эскарша дIалаьцна


Шемарчу пачхьалкхан эскаран буьйранчаша хаамашбо, шаьш Алеппо гIала ерриг шайн кара эцна хиларх. ТIаьххьара оппозицин ницкъаш арабевлла гIалин Малхбалерчу кIошташкара. Гергарчу хенахь Асадан эскарерчу сапераша минех цIанйийр ю меттигаш.

Еарийдийнахь тIаьххьара бахархойх а, гIаттамхойх а юьзна 15 машен, 4 автобус араяьлла Алеппора. Эвакуаци ерзар бакъдина Дуьненаюкъарчу ЦIечу ЖIаро а. Маьрша нах а, герз охьадиллина гIаттамхой а Алеппора арабахар долийра кху беттан 15-чу дийнахь.

Кеп-кепарчу хаамийн агенталлаша чIагIдарехь, 34 эзар стага дIатесна Шемин Малхбалеро Алеппо гIала.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG